ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах кхелхина 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 268


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 268.

Iедалера йолчу информацица, Краснодар-махкахь велла COVID-19 цамгар шайца билгалъяьллачех 12 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, ГIебарта-Балкхаройчохь – 2, Къилбаседа ХIирийчохь, ГIалмакхойчохь, Нохчийчохь – цхьацца. Верриг керлачу уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, офиуиало бахарехь, 9 650 пациент.

Уггаре дукха нах белла коронавирусах тIаьххьарчу 24 сахьта чохь Краснодар-махкахь, массарел кIезиг ду уьнах баларш Адыгейхь а, Нохчийчохь а.

  • Краснодар-мохк + 94 (46 928 пандемин ерриг а хенахь)
  • Ставропол-мохк + 52 (53833)
  • Дагестан + 37 (32 999)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 19 (24 074)
  • ГIалмакхойчоь + 13 (20 248)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 248)
  • ГIалгIайчоь + 12 (15 599)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 10 (16 871)
  • Нохчийчоь + 9 (12 140)
  • Адыгей + 9 (14 548)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь уьно лаьцна лорурш бу 257 855. Ерриг Оьрсийчохь Стигалкъекъа-беттан 15-чу дийнналц COVID-19 цамгар кхеттарг ву 931 691 стаг. *

*Оьрсийчоьно шен статистике берзийна аннекси йинчу ГIирмера бахархой а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG