ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Коронавирус Къилбаседа Кавказехь: велла 25 стаг, цомгуш хилла кхин а 261


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла 25 пациент, цомгуш хилла кхин а 261 стаг.

Iедалера болчу хаамца, Краснодар-махкахь ун кхеттачу нахах велла 12 вахархо, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Адыгейхь – шишша, Дагестанехь, ГIалмакхойчохь – цхьацца. И дараш а чулаьцча, Къилбаседа Кавказехь, официалан терахьашца, COVID-19 цамагарх велларг хуьлу 9 675 стаг.

Массанхьачул дукха бу дийнахь-буса ун даьлларш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Адыгейхь а, Нохчийчохь а.

  • Краснодар-мохк + 93 (47 021 пандемин ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 55 (53888)
  • Дагестан + 38 (33 037)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 18 (24 092)
  • ГIалмакхойчоь + 11 (20 626)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 11 (20 259)
  • ГIалгIайчоь + 10 (15 609)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (16 880)
  • Нохчийчоь + 8 (12 148)
  • Адыгей + 8 (14 556)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь ун гучудаьлла 258 116-зза. Ткъа и терахь ерриг а Оьрсийчохь ду 4 940 245.*

*Оьрсийчоьнан статистика юкъаэцна ду аннекси йинчу ГIирмера коронавирусах долу терахьаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG