ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Итернетехула шена "шайтIа" аьлларг вен чIагIойина Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, кара а вина, "хIаллаквийр ву" ша хьалхо социалан машанехь ша хIоттийначу поста бухахь маьттаза комметарий йитинарг, аьлла, чIагIойина. ЦIе йоккхуш яц Кадыровс ша оьгIазвахийтинчун.

"Хьо адам дац, хьо шайтIа ду", - доьшу йоза "ЧП Чечня" инстаграм-паблике Стигалкъекъа-беттан 17-чохь Кадыровс

"Ас дукха шайтIанаш дайъина, хьо а дуьйр ду", - боху Кадыровс.

  • Охан-бутт боьрзуш Соьлжа-ГIалахь кхеланна бух ца карийна Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал дов айдан ца туьгучу талламчина таIзар дан. Иза дар доьхура кхеле бакъоларъярхоша, 20I9-чу шарахь Кадыровс шайна кхерамаш тийсарца доьзна бехктакхаман гIуллакх гIаттош воцчу Талламан комитетан белхахочунна. Махкахь адамийн бакъонаш талхош хиларх лаьцна дуьйцу бакъоларъярхой, журналисташ байъа беза, аьлла, Кадыровс дIахьедар даржор дара кхеле делларг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG