ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лачкъийна Кубане дахьийтина 100 тонн гIалгIайн мехкадаьтта  


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра 100 тонн мехкадаьта чохь долу Кубане хьажийна 5 цистеран яйна, хаам бо Кавказ.Реалиино. Иза гучудаьлла уьш дIахьажийначу метте дIа ца кхаьчначул тIахьа.

"Ингушнефть" куьйгаллин кхеташонехь билгалдаккхарехь, Карабулакехь белхахоша, цистернаш а юьзана, царна пломбанаш тоьхна, шаьш иза даима а деш ма хилара. Амма уьш схьакхачаре хьоьжуш йолу ООО "Славянск ЭКО" йисна мехкадаьтта доцуш.

"Роснефть -Ингушнефть" компанин директоран омрица хилларг талла долийна чоьхьрачу кхерамазаллин сервисо. Хиллачух лаьцна хаам бина низамаш лардон органашка, болийна таллам, яздо "Ингушетия" газето, "Ингушнефть" компанин зорбан сервисна тIе а тевжаш.

  • Хьалхо хаам бинера, Оьрсийчуьрчу яккхийн а, юккъерчу барамехь йолчу а компанешна хилла пайда 2020-чу шарахь лахбелла хиларх лаьцна 23,3 процентана. Цу тайпаниг хилла дацара махкахь тIаьххьарчу 12 шарахь.
  • Зазадоккху-баттахь Украинин Лаккхарчу антикоррупцин кхело лацаран хьоле даьккхира шен территори тIехула дIайоьдучу "Самара – Западное направление" магистралан мехкадаьттан биргIан цхьа дакъа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG