ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIебогIучу харжамашкахь ша дакъалацарх лаьцна дийцина Кадыровс


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ша шеко йолуш хиларх лаьцна хаийтина республикан куьйгалхочуьнан харжамашкахь ша дакъалацар хьокъехь. Цунах лаьцна сацам бан иза талла дагахь ву юкъараллина хетарг.

"Нагахь ур-атталла масех процент бахархой сан кандидатурина дуьхьал хилахь, со харажамашка ваха дагахь вац", - хаам бина Кадыровс Стигалкъекъа-беттан 19-хь "ВКонтакте" социалан машанехь.

Цо дагадаийтина кхушара Гезгмашин-баттахь Цхьааалин кхажтасаран дийнахь Нохчийчохь кхаа тIегIанхь харжамаш хила безаш хилар – федералан а, регионалан а, муниципалан а.

  • Кадыров Нохчийчоьнна куьйгалла деш ву 2007 шарахь дуьйна. ТIаьххьара хиллачу харжамийн официалан жамIашца а догIуш, 2016-чу шарахь цо гулдира 97,56% кхаьжнаш.
  • Кадыров вевзаш ву шен девне дIахьедарш дарца. Кху деношкахь цо ша хIаллаквийр ву аьлла кхерам тесира инстаграммерчу цхьана комментарехь шех шайтIа ду аьллачу кхиазхочунна. Цуьнан дас а, гергарчара а хIинцале а кIинтIера валар дехна Кадыровга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG