ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгахочун зудчуьнан 3 петар ю, ткъа цуьнан цхьа а яц


Темрезов Рашид
Темрезов Рашид

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочо Темрезов Рашида шена тIедеанчу рицкъах лаьцна йовзийтинчу декларацица цо стохка даьккхина 1 млн 264 эзар сом. Иза 223,5 эзар соьмана дукха ду 2019-чу шарахь цо даьккхинчул а.

Цуьнца цхьаьна, "Интерфаксо" далочу оцу документца а догIуш, Темрезовн долахь яц цхьа хIусам а? гIишло а. Бахамах цо декларацина юкъахтоьхна ГАЗ-21 олу автомашен. Iедалхочо лелош ду 522,9 еакIов метр (е. м.) цIа а, 758 е. м. лаьттан дакъа а.

Темрезовн хIусамнана а яц кхин дIоггара цул хьал долуш: стохка цо даьккхина 227,2 эзар сом. Цуьнан долахь ю кхо петар, кхуьа вовшахтоьхча 228,4 е. м хин йолуш, лаьттан ши дакъа а - 1028 е. м, 464 е. м, 80,6 е. м. цIа а, ткъа иштта гараж а, ши склад а.

ТемрезовгIеран доьзалан 4-гIа петар долахь ю церан берех цхьаьннан. Оцу хIусаман йоккхалла ю 276,4 е. м.

  • Ставропол -мехкан губертанора Владимиров Владимира 2020-чу шарахь даьккхина 3,3 миллион сом. Иза 30 процент лахара ду 2019-чу шарахь цо официалан кепара даьккхинчу рицкъаца дуьстича - 5,58 млн сом.
  • Хьалхо шена хиллачу пайданах лаьцна деклараци йовзийтира Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Оцу документца а догIуш, цо даьккхинчу рицкъан барам шозза алсамбаьлла - 381 млн сом (2019 шарахь - 147 млн сом).
  • Къилбаседа ХIирийчоьнан куьйгалхочун декхарш кхочушдеш волчу Меняло Сергейс гайтина ша 2020-чу шарахь 16 миллион сом даьккхина хилар. Оццул дара Сибиран федералан гонан президентан полпред волуш цунна делла алапа.
  • ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас 2020-чу шарахь даьккхинарг дац 2,5 млн сом а бен (2019-чу шарахь - I,5 млн). Делахь а цуьнан хIусамнас гайтина ша стохка 33,7 млн сом даьккхина хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG