ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Палестинахошкахьа акцеш ян дагахь дац Нохчийчуьра Iедалш


Иерусалемера Аль-Акъса маьдиг
Иерусалемера Аль-Акъса маьдиг

Гергарчу Малхбалера конфликт марсаяларна Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан сагатдеш велахь а, республикехь палестинахошна гIортор еш акци хир ю бохург бакъ дац. Оцунах лаьцна дIахьедина меттигерчу диндайша.

Нохчийчоьнан куьйгалхо бенцахеташ вац Палестинин автономехь хуьлург бахьана долуш. Кадыров Рамзана гайтина хIора нохчочух сагатдеш хилар. Дийнахь-буса Кадыровн фонд гIо деш ю Палестини автономина, аьлла Гуьмсан кIоштIан кадийс Абдулмуслимов Амира, хаам бо Кавказ.Реалиино, "Чечня сегодня" зорбан гIирсанна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, Нохчийчоьнан территори тIехь митинг а йина, палестинахошна а, Иерусалемера Аль-Акъса маьдигна а гIотор йийр ю аьлла интернетехь баьржинчу хаамана комментари еш, цо иштта кхайкхам бина нахе "хабарш даржор дита" аьлла. Къедана хетарехь, оцу тайпа хаамаш баржош бу "юкъараллина зен дан дагахь".

  • Хьалхо Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Израилан Iедал декхарединера полици а, палестинахой а вовшахлеташ Ал-Акъса маьждиге гулбелла нах лазорца доьзна бусалбанаш кIинтIера баха. Цунна жоп луш Оьрсийчоьнан президентан пресс-векала Песков Дмитрийс билгалдаьккхира и дIахьедар Оьрсийчоьнан официалан позици хуьлийла дац аьлла.
  • 2014-чу шарера схьа оцуул боккхачу барамехь дуьххьара иккхина конфликт ю тахана яьржинарг, боху тергамчаша. Девнаш дуьйладелла дIадахначу мукъаденошкахь Иерусалимерчу Аль-Акъса маьждигна гонах – цунна гергахь ю жуьгтийн Еза меттигаш а. Девнаш лелха дуьйладелира кхело Иерусалимера масех Iаьрбийн доьзал хIусамаш чуьра ара а баьккхина, жуьгтийн доьзалш чубахийта сацам бича.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG