"Дождь" телеканало кехат хьажийна Оьрсийчоьнан Талламан комитете, ницкъ бийр бу бохуш кхерам тасарца журналистана болх беш новкъарло ярна бехктакхаман гIуллакх долор доьхуш. Латкъам бина "Дождь" телевизионан каналан продюсерна Фимина Аннина анониман кхерам тасар бахьана долуш.
Фимина дакъалоцуш яра Кавказехь доьзалан юкъаметтигех лаьцна ши сюжет кечйеш. Царах цхьаъ яра Кавказехь масийтта зуда ялорах лаьцна. ШолгIачу, йоьIарийн а, дайн юкъаметтигех лаьцна, сюжетана турпалхой лохуш Фиминас пост хIоттийнера "ВКонтакте" социалан машанерчу цхьана тобанехь.
Оццу дийнах цуьнан телефонан номер тIе WhatsApp-ла хаам кхечира, "нагахь Кавказ кего гIертар ахь ца дитахь – дIачIабор ю. Эстемирован кхоллам бу хьуна масал. Юх-юха дуьйцур дац" аьлла.
"Суна хетарехь и хаам мила ву ца хуучу стага баийтина Фомина А. шен журналистан белхан декхарш кхочуш дарна. Буьйцуш болу хаам баккъалла а болу кхерам бу Фомина А. дахарна а, могашаллина а, "Эстамирован кхоллам" а яздина кехат тесначу стага иза хьахорна, оцунна кIеллахь суна хетарг ю 2009-чу шарахь Товбеца-беттан 15-хь йийна Эстамирова Н.Х.", билгалдоккху документехь "Дождь" телеканалан редакторо Дзядко Тихона.
- Эстемирова Наталья – Оьрсийчуьра бакъонашларъярхо яра, Соьлж-ГIалахь "Мемориал" бакъонашларъйон центран (арахьара агент лоруш ю Оьрсийчохь) цIарах болх беш йолу. 2009-чу шарахь Товбеца-баттахь иза Лачкъийра Соьлжа-ГIалахь шен цIийнан хьалха, тIаьхьо цуьнан дакъа карийра ГIалгIайчохь.
- Эстемирова йеле хьалха цуьнга кехаташ эхийтинера кхерамаш туьйсуш, республикерчу Iедалаш белхахоша а цхьана. 2019-чу шарахь, Эстемирова йийна рогIера де тIекхочуш, бакъонашларъярхоша цхьаьнакхетта дIахьедар дира, бакъонашларъярхо йийна 10 шо даьллехь а, "иза ер баккъалла а теллина дац" аьлла.