ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зудчунна йиттинчу полисхошна кхел еш ю Дагестанехь


Гайтаман сурт

Хасавюртан гIалин кхелехь бехктакхаман гIуллакх листа долийна полисхо хиллачу шина стеган. Хасавюртан ОМВД-н криминалан талламан хилла ши оперативник ву бехке веш, меттигерчу яхархочунна Курашова Юлдузна ницкъ а бина даржан бакъонел тIехваларна а, талламан гIуллакхан материалаш харцхьаяхарна а.

Лоьраш, таллам а бина, кехаташ кечдина Курашован корта бойна а, хье меттахбаьккхина а, дегIа тIехь Ӏарждаргаш а хиларна тоьшаллаш деш. Лаьцна волу ши полисхо гIиртинера зудчуьнга шена тIелацийта наркотикаш йохкарца дина зулам.

Дуьххьарлерчу кхелан кхеташонехь Курашовас ма дарра дийцира хиллачух лаьцна, цо тIечIагIдира ша таллам дIабоьдуш дина тоьшаллаш, дийцина Кавказ.Реалиига эшам хиллачу зудчун тIехIоьттинчу "Комитет против пыток" тобан юристо Аламов Мохьмада.

"Цо дийцира ша нуьцкъала машена хаорах лаьцна. Машена чохь цунна йиттинера оперативнико, юха полицин декъехь, хье меттах а боккхуш, тоьхнера цунна шолгIачу полисхочо. Зуда леяр дIа ца дирзина. Адвокатийн хаттарш дисна, ткъа иза шен гIуллакхе яха езаш яра, республикан арахьа. ТIейогIучу кхеташонехь лебийр бу тешаш", - дийцина юриста.

Харц кхоьллинчу бехктакхаман гIуллакхехула Курашовас наркотикаш юхкуш хилла аьлла шеко хилла. Зудчо дийцарехь, аптекехь болх беш цо масийтта шо хьалха наркотик шеца йолу молханаш доьхкинера.

Дов хаттар дIадахьа дезаш ду Стигалкъекъа-беттан 27-хь.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG