ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Ахматан цIе туьллур ю ГIаларчу аэропортана


Йозуш йоцу Нохчийчоь йолуш Шайхан Мансуран цIарах, ткъа карарчу хенахь "Северный" олучу Соьлж-ГIаларчу аэропортана цIе туьллур ю Нохчийчоьнан куьйгахочуьн ден Кадыров Ахматан. Цу кепара кхаж тесна 89,6% республикан бахархоша, хаам бо Кавказ.Реалиино, республикерчу Юкъараллин палато чIагIдечунна тIе а тевжаш.

Болчу хаамца, къовсам болабаларх лаьцна дIакхайкхийна хиллера Охан-беттан 12-хь. Иза дIабаьхьира беъа муьрехь, дIабирзира Стигалкъекъа-беттан 17-хь. ЖамIаш довзийтира вовшахтохаран комитето Стигалкъекъа-беттан 21-хь.

  • 4,5 % кхаж белла Сийлахь Даймехкан тIамехь жигара дакъалаьцначу Висаитов Мовлидна.
  • 3,5% кхаьжнаш гулдина нохчийн яздархочо Айдамиров Абузара.
  • Ткъа оцу къовсаман тептарна юкъатоьхна хиллачу 4-зза СССР-н Лаккхарчу Кхеташонан депутат хиллачу Гайрбеков Муслимна а, хелхарчанна Эсамбаев Махьмудна а, ШолгIачу Дуьненан тIамехь хьуьнар гайтинчу Нурадилов Хампашина а, СССР-н баскетболан тобан декъашхо хиллачу Ахтаев Увайсна а, театран а, кинон а актерна Омаев Дагунна а, Советан Iедал доккхуш жигара дакъалаьцначу Шарипов Асланбекана а дIаделлачу кхаьжнийн терахь ца кхочу цхьана проценте а.
  • Къовсаман гурашкахь кхаж тасар вовшахтоьхнера Нохчийн республикан Юкъараллин палатан сайта тIехь а, телефонехула а, sms-кхажтасарехула а, ткъа иштта теллинера юкъараллан хетарг а.

Би-би-си-н Оьрсийн сервисо бинчу хаамца, карарчу хенахь Нохчийчоьнна коьрте хIоттийна волчу Кадыров Рамзанан а, цуьнан гергарчеран а цIе тиллина бу республикехь 346 боккха а, жима а урам.

Хьажа комменташка (1)

ХIара форум дIакъевлина ю.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG