ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Сайт блокехь ю? Иза вон ду, делахь а доьхна хьал дац


Оьрсийчоьнан территори тIехь Роскомнадзоро дIакъовла кхерам бу "арахьара агент" олу статус къастош ша дина омра кхочуш цадарна Радио Свобода Оьрсийн сервис Svoboda.org, Sibreal.org, Sevreal.org, Factograph.info. Дуьненаюкъара низам а, Оьрсийчоьнан конституци а, хаамийн гIирсех долу низам а, информацин конкуренцин бакъонаш а талхош, дешан маршонна дечу тIелатаран меха дуьллу иза Радио Маьрша Европа/Маршо Радио медиакорпорацино. Оха хоуьйту, муха хIоттало блок, хIун некъ бу къевлинчу сайташка хьажа.

ХIун дан деза хаамийн гIирсан сайта тIе Iедало хьо кхочуьйтуш вацахь?

Цхьаъ делахь, дукхахболчу хаамийн гIирсаша шайн сайташка хьожуьйту программаш латтайо мобилан телефонашна – кегий программаш. Маршо Радион а ю и тайпа программа (видео). Оцу программица боьзна бу блок хIоттийча ечу духьалонан гIирс – нагахь санна серверна духьало хIоттийна елахь, оцо ша вуьгу хьо сайта тIе, духьалонех чекх а воккхий.

Шиъ делахь, Iедална хала хир ду социалан машанашкахула хаамийн гIирсанна тIекхочийла дехка – иза деш дIакъовла безар бу берриг а социалан маша, я дезар ду машин дайшка хаамийн гIирсан аккаунт дIакъовлийта. Маршо Радион аккаунташ ю дукхахболчу социалан машанашкахь.

Маршо Радио нохчийн маттахь ю Youtube, Facebook, Твиттер, Вконтакте, Телеграм, Одноклассники машанашкахь. Оьрсийн маттахь Радио Свобода ю Youtube, Facebook, Twitter, ВКонтакте, Telegram, YandexZen, кхиболчу а машанашкахь.

Оьрсийн маттахь Радио Свобода ладугIийла ду YouTube, iTunes , Google , Spotify, Castbox, Yandex.music, SoundCloud платформашкахь.

Кхоъ делахь, анонимайзерийн гIоьнца юьстахйитало сайтанна тоьхна блок. Цунах лаьцна алссам дуьйцу оха.

Роскомнадзоро тоьхна блок муха йиталур ю юьстах?

Блок юьстах йита бу дуккха а некъаш, церан хьесап цхьаъ ду: цара аьтто ло, Оьрсийчуьра а ца оьцуш, кхечу пачхьакхашкахула я анонимехь сервисна чукхача. Арахьара ларалучу пайдаэцархочунна арахьарчу серверашна чукхочу некъ бехка бакъо яц Оьрсийчуьрчу регуляторан. Блок юьстах юьсу нийсса сервисна тIе а ца воьдуш, масех сервисийн кочарехула тIевахча.

Блок оцу хьесапехь юьстах йита дуккха а бу гIирс. Леррина йина интернет-браузераш ю (Tor а, цуьнан аналогаш а), Proxy-машанаш бу (цара билгал цхьаццаболчу машанаш чу кхачаво, масала, Telegram-е) я ю VPN (Virtual Private Network) – пайдаэцархочун трафик къайлахьо цо виртуалан машанехула (авторизаци йоьху ресурсаш йоьллуш лелор тоьлу иза). Царех цхьаболчу гIирсаша браузерийн плагинаша санна болх бо смартфонашца а, компьютерашца а.

Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн хаамаш баржоран гIуллакхашкахула йолчу кхеташоно (Маршо Радиох а, кхиболчу кхечу пачхьалкхашкахь болх бечу хаамийн гIирсех а жоп а луш, Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конгрессехула финансаш латтош йолу урхалла) ша леррина кечйинчу Bypass Censorship ("Цензура юьстах йитар") сайтехь гойту и гIирсаш-программаш.

6 гIирс бу вайга кховдош:

Tor – иза браузер ю, цо пайдаэцархочун трафик чекхйоккху шаьш лелачу прокси-серверийн ситемехула, иза латтайо дуьненан массо а маьIIехь бехачу лаамхоша, браузеро аьтто ло хьуна анонимехь интернет-машанехь хила.

Psiphon – VPN технологица лела программа. Psiphon-клиенто ша леха ца оьшу, цензура юьстах а юьтуш, серверна тIебоьду некъ – иза шашах нисдо программо. Амма ананонимехь хир вац хьо оцу программехула.

Orbot – прокси-программа.

Orfox –Tor браузеран аналог, кхечу пачхьалкхашкахь йолчу серверашкахула чекхйоккху цо пайдаэцархочун трафик. Android-ца бен ца бо болх.

FreeBrowser – шеца блокех чекхвоккху ситема йолу интернет-браузер, иза кийчча ю болх бан. Китайхоша цуьнгахула юьту цензура юьстах. Болх ца бо Android-ехь бен.

Lantern – кхечу пачхьалкхашкарчу пайдаэцархошкахула юьстах юьту цо блок.

Массо а программаш маьхза ю. Lantern (team@getlantern.org) а, Psiphon (get@psiphon3.com) а электронан почтехула еха йиш ю, нагахь санна церан веб-версеш къевлина караяхь.

Гайтина программаш йоцуш, браузерашна тIейоьзначу плагинех а эцало пайда. Тахана гоьялла лелачу Google Chrome браузера анонимайзераш: RusVPN , Ininja, ZenMate VPN. Маьхза пайдаэцало оцу плагинех, шуьйрра таронаш йолу версеш мах боккхуш елахь а.

Оьрсийчоьнан Iедал кхета интренетера цензура VPN-машаншкахула, прокси-серверашкахула, анимайзерашкахула атта юьстах йиталуш юйла.

2017-чу шеран аьхка низам тIеийцира "Оьрсийчоьнан территори тIехь къевлина йолчу сайташна чукхача аьтто луш йолчу информацин-телекоммуникацех, информацин системех, информацина тIекхача некъ боьллуш йолчу ЭВМ-программех" пайдаэцар доьхкуш. Оьрсийчохь болх бечу анонимайзершка дехкийта гIерта депутаташ Роскомнадзоро къевлинчу сайташна чукхочийла, иза цара ца дахь, уьш шаьш а тарло дIакъовла. Ткъа магош йоцу анонимайзерш лелорна дац пайдаэцархошна дуьхьал къастийна таIзар. И низам тIеийцира, амма дукха хан ялале Роскомнадзор кхийтира оцу низамо хийцамаш бохьур боцийла. Арахьарчу мехкашкахь арахецначу анонимайзершна шен дан хIума доцийла хьаьа Оьрсийчуьрчу Iедална – хала ду уьш дIакъовла, йихкина сайташ схьаелла вуно дукха бу гIирс.

Роскомнадзоро муха хIиттайо блокаш сайташна/сервисашна?

Сайтийн я серверийн IP-адресашна блокаш етта Роскомнадзоро. IP-адресаш – уьш сервераш йолу меттигаш гойту адресаш ду, аьлча а, виртуалехь сайтийн/сервисийн контент тIехь кхобу хьасташ.

Роскомнадзоро шен куьйга ца къовлу IP-адресашна тIебоьлху некъаш – иза дан декхаребо Оьрсийчуьра интернет-провайдераш. Ткъа шен омра провайдерша кхочушдо я ца до зуьй леррина арахецначу “Ревизор” системехула.

Дукхахйолчу яккхий интернет-сервераша дуккха а леладо IP-адресаш, ткъа Роскомнадзоро блокашкахь къовлу уьш (кхетош аьлча, «кху тIера кху тIе кхаччалц» олий). Амма оцу некъо тIекхочийла ца дуьту ларамза оцу блокашна чунисъеллачу сайташна. Масала, иштта нисделира Роскомнадзоро Telegram дIакъевлича – къовлаелира оццу хостинган майданех пайдаоьцу Москварчу Кремлан музейн сервисаш.

Лаам а, таро а хилча, сервисашка атта яло блокашна дуьхьало шен IP-адресийн кочарш хийцарца (иза дан луш ду сервираш а ца хуьйцуш). Масал гайтира оццу Telegram-о. Амма Оьрсийчоь шен коьрта пайдаэцархо лоруш йоцу, кегий сервисаш а, сервераш а ца ларайо Роскомнадзоран блокашна духьаллатта – ца тоьу ресурсаш (масала, Грани.ру газета) я ца лаьа (Linked.In). Амма духьало ян вуно атта ду, вай лакхахь ма-гайттара, бхархошна-пайдаэцархошна.

Роскомнадзор тIейогIучу заманахь муха къийла дагахь ю сайташ/сервисаш?

“Йозушйоцчу интернетах” долчу низамо дуккха а керла хIуманаш дохур ду юкъа.

Цхьаъ делахь, кхуллур ю дуьненах йоьзна йоцу Оьрсийчоьнан интернетан инфраструктура. Цкъачунна баьлла бац и некъ: масала, доменийн, маршрутизацин системаш юкъара ю дуьненахь, ткъа теоре даьккхича, Оьрсийчоьнан интернетехула лела сегмент йохаялуш ю. Иза ду “йозушйоцчу интернетан” низам юкъадаьккхинчара бухе дуьллург. Ткъа ма-дарра аьлча, глобалан тIегIанехь цхьаьннан а карахь яц интернетан инфраструктура, техникан, координацин гIуллакхаш, масала, IP-адресаш дIасадекъар, кхочушдо йозуш йоцчу организацеша. Церан лаам шайн карахь бу, маша лелош болу декъашхой бу уьш – оператораш, контентан провайдераш, иштта дIа кхиберш. Уьш бац цхьана пачхьакхан куьйга кIел, Оьрсийчу йоьду интернет цхьаннан политикан буьйранца къовлалуш яц. Амма дIахадаяло пачхьалкх, цхьана декъанна я юьззина, дуьненца йолчу зIенех - шатайпа инфраструктура кхолла еза мохк глобалан интернетах дIахадо а.

И тайпа инфраструктура юкъаяьккхича, Роскомнадхоран аьтто хир бу керлачу кепашца интернет-ресурсаш блоке лаца. Оьрсийчоьнан интернетан массо а хьукматашкахь хIоттийначу гIирсо магор ду шех чекхйолу информаци зен а, Iедална товш йоцург дIакъовла а, сервераш, сайташ юьззина куьйга кIел ерзо а. Доццца аьлча, бен-башха дац стенгара, хьанна лерина ю информаци, коьртаниг ду бу цуьнан чулацам.

Муьлхачу тIегIане кхаьчна и инфраструктура кхоллар хууш дац. 2019-чу шарахь “Iамораш” дIадаьхьира блок хIоттош йолу система зуьйш, интернетах пайдаоьцучара билгалдаьккхира трафик лагIъелла хилар. Иза доьзна хила тарло анализо дукха хан дIайоккхуш хиларца. РогIехь “Iамораш” дIадахьа дагахь яра Оьрсийчоь 2020-чу шеран бIаьста, амма юкъахъяьккхира COVID-19 эпидемино.

Цу тIе, хала ду ала кхуллуш йолчу системо мел баккхий аьттонаш лур бу Роскомнадзорна интернет-ресурсаш блоке лаца. Цо дика болх бо “магош йоцу” трафик могIарчу трафиках къастош билгалонаш йолчу хьасташна дуьхьал, масала, шен сигнатура йолчу месмсенджерашна дуьхьал. Ала тарло, оцу системо дика болх бийр бара, масала, Telegram блоке оьцуш, амма цуьнга зен далур дац хаамийн гIирсийн сайташна. Бакъду, керлачу гIирсо дика дуьхьало хIоттор ю цхьаболчу блокаш юьстах юьтучу гIирсашна, масала, VPN-сервисашна.

Муха йохалур ю “йозушйоцчу интернетан” дуьхьалонаш?

Цкъачунна цунах дерг ала хала ду, хIунда аьлча, билггал хууш дац муха, маца болх беш хир ю ша “йозушйоцчу интернет”. Философин кепехь аьлча, блокаш хIиттор а, уьш йохор а – дIаьндарго гIагIанна Iуьрг доккху я ца доккху бохург санна, маьIна доцу къовсам бу иза. Муьлххачу а чолхечу блокийн системо доккха зен до кхечу интернет-сервисашна, шайлахь пачхьалкхан сервисаш а йолуш. Аьр вай, “сийлахь-йоккха китайхойн файрвол” а хала дац юьстах йита, амма цо ша хецначу машин шоралла ю юьстахара сервисаш ца эшшал йоккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG