ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ростов-махкахь беллачу белхалойн терахь алсамдаьлла 11-нне   


Хи цIандаран станци. Гайтаман сурт
Хи цIандаран станци. Гайтаман сурт

Таганроган гергахь хи цIандаран станцехь дIовшдаьлла беллачу белхалойн терахь алсамдаьлла 11-нне кхаччалц, хаам бо "Интерфаксо". ДIаяхначу буса кхин цхьа стаг а велла дарбан цIийнехь.

ПIераскан дийнахь Дмитриадовка поселкан йистехь хи цIандаран гIишлошкахь болх беш дIовш даьлла кхелхина МУП "Управление водоканал" урхаллан 10 белхало, кхин а 8 стаг охьавиллина ву госпитале.

Znak.com зорбан гIирсо дийцарехь, канализацин Iовраш чукхочучу яйн чохь цIеххьана хьалабаьлла хилла хин барам. ДIаьвшен хIаваъ дIадохьуйту меттиг юкъйелла хилла.

Оццул дукха нах балар доьзна ду оцу меттигехь бол беш болу белхахой "вовше кIелхьарбаха оьхуш хилар цхьаъ вукхунна тIаьххье". Циггахь кхелхина, болх бан белхалой дIахьажийна йолу станцин хьаькам.

Адамаш лахар-кIелхьардахан операци яхъйелла 8 гергга сохьтехь. Оьрсийчоьнан могашаллин министралло бинчу хаамца, дIовш даьлла 5 стаг реанимацехь вара, царах цхьаъ вара вуно вочу хьолехь.

Ростов-мехкан Талламан комитетан урхалло бехктакхаман гIуллакх долийна хилларг толлуш. Шен таллам дIабахьа дагахь ю Оьрсийчоьнан белхан министралла а, меттигерчу хинан каналан болх а толлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG