ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера Тбилисе кхачийна инарлан Квинитадзе Георгийн дакъа


Гуьржийн Демократин Республикан армин коьрта буьйранчин инарлин Квинитадзе Георгийн дакъа Тбилисе кхачийна Францера, хаам бо "Эхо Кавказа" зорбан гIирсо. Гуьржийчоьнан Iедало бинчу сацамца, 50 шо хьалха эмиграцехь велла гоьваьлла буьйранча юхадIавуллур ву Гуьржийчохь.

Шотдийнахь Iуьйранна Тбилисерчу аэропортехь Францера схьадеана кема тIеийцира эскаран сий дарца. Оцу церемонехь хилира Гуьржийчоьнан президент Зурабишвили Саломе а, Iедалан декъашхой а, ТIеман ницкъийн лаккхара буьйранчалла а, ткъа иштта Квинитадзен тIаьхьенех болу нах а.

Гонаха эскорт а йолуш, барам дIакхачийра, 4 дийнахь панихида лаьттар йолчу сийлахь Кхаанна Кафедран соборе (собор святой Троицы). Стигалкъекъа-беттан 26 Гуьржийчоь йозуш йоцу пачхьалкх хиллачу Дийнахь, Квинитадзе дIавуллур ву Мтацминда ламанан рагI тIехь йолчу яздархойн а, юкъараллин гIуллакххойн а пантеонехь, хаам бо "Новости-Грузия" агенталло.

Квинитадзе Георгий вина 1874 шарахь полковникан Квинитадзе Иванэн доьзалехь. Цо карьера йира оьрсийн императоран армехь. 1917-чу шарахь Гуьржийн Демократин Республика кхоллалц Квинитадзес жигара дакъалецира йозуш йоцучу пачхьалкхан арми кхуллуш.

1921 шарахь Чиллан-баттахь цо дуьхьало яр вовшахтуьйхира тIедогIучу ЦIен армин тIеман дакъошна. Оццу шарахь, Гуьржийн Демократин Республика йоьжначул тIаьхьа, инарла даймахкх ваьлла Квинитадзе кхечира Константинополе, ткъа цигара дIа, 1922-чу шарахь - Франце. 1970 шарахь Товбеца-беттан 7-хь Квинитадзе велира Шатухь. Иза дIавоьллира меттигерчу кешнашкахь.

2013-чу шарахь цунна веллачул тӀаьхьа елира Гуьржийчоьнан къоман турпахочун орден. 2006-чу шарахь Квинитадзен цIе тиллира Тбилисерчу урамна. Инарле безамна юкъаяьккхина ю "Георгий Квинитадзе" дато тIеман мидал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG