ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Virgin Galactic компанин кемано хадийна космосан доза


Virgin Galactic компанин кема дуьххьара космосе делира 2018-чу шарахь. Иза хилира 4-г1а иза зеран т1емадаьлча. Цу хенахь иза лекхаделира Лаьттан тIехула 82,7 километр, я 51,4 миля.
Virgin Galactic компанин кема дуьххьара космосе делира 2018-чу шарахь. Иза хилира 4-г1а иза зеран т1емадаьлча. Цу хенахь иза лекхаделира Лаьттан тIехула 82,7 километр, я 51,4 миля.

Американ Virgin Galactic компанин космолёт VSS Unity, тIехь ши пилот а волуш шотдийнахь Iуьйранна атмосферан уггар лакхарчу чкъоре хьала а даьлла тIекхаьчна космосан дозанна, хаам бо Свобода Радионо. Иза ду иза космосе даьлла бохург. Кхиаме талламан кема тIемадаккхаро аьтто бан мега Virgin Galactic компанин гергарчу шерашкахь суборбитан коммерцин кеманаш лелийта.

VSS Unity космолет кхаьллинчара дIахьедар дина Стигалкъекъа-беттан 22-хь иза тIекхаьчна аьлла 55 миля (88,5 километр) Латтан тIехула йолчу зонина. Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iедало космосан доза лору 50 миля (80,4 км) билгало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG