ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан Швецера векал жоп дала тIекхайкхина Абдурахманов Тумсо бахьанехь


Оьрсийчоьнан шайн пачхьалкхера векал Татаринцев Виктор Швецин арахьарчу гIуллакхийн министралло дIадахначу кIиранах тIекхайкхина хилла нохчийн блогерна Абдурахманов Тумсона 2020-чу шеран Чиллан-баттахь динчу тIелатарца доьзна.

ТАСС агенталло бахарехь, Швецин Iедало дIахьедина, ша йоккха харцо лору стаг вен гIортарца динчу тIелатаран декъахь Нохчийчуьра Iедал хилар, аьлла.

Абдурахманов Тумсо – вевзаш волу нохчийн оппозицин блогер ву. Шен видеоэфирашкахь цо довзуьйту Нохчийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар гойту масалш, дуьйцу меттигерчу Iедалера юьйлучу харцонех лаьцна. Цо мехкан куьйгалхочунна ен критика бахьана долуш йира цунна кIело. Швецехь кхел йоьдучу хенахь адвоката Линдквист Пера дIахьедира. "ерриг а ларш Соьлжа-ГIала кхочуш ю", аьлла.

  • Абдурахманов Тумсона тIелетира стохка Чиллан-баттахь. Иза шен цIахь вара, цуьнан хIусам чу а кхаьчна, тIелеттачо коьртах жIов тоьхча. Блогеран аьтто баьллера зуламхо сацо а, цуьнгара жIов дIаяккха а, полици кхайкха а.
  • И кхел чекхъялла а йолуш, Абдурахмановн Германехь вехачу вешина Мохьаммадна ян кечйина а хиллера кIело. Цо ша дийцарехь, иза вер тIедиллина хилла Кадыров Рамзанан шича ву олучу Эдельгериев Паруддина. Германин криминалан полици ю и хилам толлуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG