ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ryanair компанин кема охьахаор а, журналист лацар а "Лукашенкон режиман эргIада акт" хета Американа


Американ Цхьанатоьхначу Штаташа "хаддош емалдо" тIеман кеманца кхерам а тесна Ryanair компанин кема охьахаор а, цул тIаьхьа Минскехь Nexta телеграм-каналан хилла коьрта редактор Протасевич Роман дIалацар а. Цунах лаьцна дIахьедина Американ пачхьалкхан секретаро Блинкен Энтонис. Цо тIедожийна Протасевич маьршаваккхар. Блинкенна хетарехь, "Лукашенкон режиман эргIада акто" кхерам тесна 120 сов некъохочунна, шайна юкъахь Американ Цхьаьтоьхначу Штатийн махкахой а болуш, яздо "Настоящее время" портало.

Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн Вовошахтохараллан авиацин агенталло дIахьедар дина шаьш вуно чIогIа синтем байна хиларх лаьцна, кIиранан дийнахь Ryanair авиакомпанин кема нуьцкъала охьахаорна. Дуьненаюкъарчу гражданийн авиацин агенталлана хетарехь, оцу инциденто йохийна хила тарло 1944-чу шарахь тIеэцна йолу карарчу хенахь некъахой дIасакхоьхьучу авиацин низамана бухехь йолу Чикагора конвенци, хаам бо Американ аз зорбан гIирсо.

Беларусин Iедалша, тIеман кема а гIаттийна, пилоташка харц хаам бина кеманчохь бомба ю аьлла, Ryanair-ан кема охьахаадайта. Афинашкара Вильнюсе доьду кема Беларусина тIехула долуш Минске хьажийна. Цигахь Iедалш лаьцна оцу кемантIехь хилла оппозицин журналист Протасевич Роман. Цул тIаьхьа 12 пачхьалкхара 170 гергга некъахо тIехь волу кема дIадахна Вильнюсе.

Литван президенто Науседа Гитанаса тIедожийна Беларусина Минскехь милцоша лаьцна волу Протасевич дIахецар, хаам бо Свобода Радионо.

"Ас кхайкхам бо тхайн НАТО-хула а, Европан Кхеташонехула а болчу бартхошка сихонца реакци яхьара аьлла, дуьненаюкъарчу некъахойн авиацина Беларусин режимера схьаболуш кхерам хиларна. Дуьненаюкъаралло сихонца оьшург дан деза, и тайпаниг юха ца хилийта", - дIахьедар дина Науседас.

Францин арахьарчу гIуллакхийн министро Ле Дриан Жан-Ив мах хадийна Минскехь нуьцкъала кема охьахаорна, мегар доцуш хIума иза хилар хоуьйтуш. Цо дIахьедина Европан цхьаллан позици хила еза оцу инцедентца йоьзнарг аьлла.

"Оьшуш ю онда а, цхьаалан а европахойн реакци", - яздина Францин арахьарчу гIуллакхийн министро шен твиттерехь.

Грецин премьер-министро Мицотакис Кириакос аьлла хилларг прецедент йоцу акт ю аьлла. "Журналист лаца нуьцкъала коммерцин кема охьахаор прецедент йоцу Iадош акт ю… Кхана Европан Барто кхайкхам бан беза Беларусина Iаткъам бар чIагIдан. Тоьар ду", - яздина Грецин Iедалан куьйгалхочо твиттерехь.

Стигалкъекъа-беттан 23-чу сарахь Европан Кхеташонан сайта тIехь гучудаьлла куьйгалхочун Мишель Шарлан дIахьедар.

"Ас вуно емал до Ryanair авиакомпанин кема Минскехь нуьцкъала охьахаор… Беларусин Iедалша журналист Протасевич Роман лацар а, аьлла ду оцу хаамехь.

Ryanair авиакомпанин кема Минскехь нукъала охьахаорна а, цунна тIехь хилла Беларусин журналист Протасевис Роман дIалацарна а дуьненаюкъара таллам бан беза аьлла НАТО-н Инарлин секретара Столтенберг Йенса.

Кеманна кхерам бу аьлла хилла экипаже Беларусерчу авиадиспетчерша, дийцарехь, цара хьажийна кема Минске. Иштта жоп делла "Новая газете" Ryanair авиакомпанин векло. Болчу хаамца, Минскехь кема лаьттина 5 сахьтехь.

"Немцойн тулгIе" зорбан гIирсо билгалдоккху социалан машанашка адамаш эргIадъоьхуш хилар, Ryanair авиакомпанина критика еш "диктаторна" Лукашенкона "гIо дарна".

  • Ryanair – Ирландин авиакомпани ю, Европехь уггар йоккхаха йолчерах, "бюджетан"олу бораха мехах некъахой дIасалелош йолу.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG