ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьркъанах а, наркотикех а 1 миллион сов нах ле Оьрсийчохь


Оьрсийчохь шарахь 1 миллион сов адам ду леш къаьркъа мийларна, наркотикаш лелорна, цигаьркаш ийзарна. Иштта хаам бо РИА "Новости" агенталло федералан "Кхетамчохь Оьрсийчоь" цIе йолчу проектана тIе а тевжаш.

Талламан авторша билгалдоккху I990-чу шерашкахь оццу бахьанашца 1,5 миллион нах леш хилла хилар. Терахьаш легийча го тIаьххьарчу 35 шарахь маларш, наркотикаш бахьанехь Оьрсийчохь 30 миллион сов стаг велла хилар.

Оьрсийчоьнан официало бахарехь, 600 эзар наркоман ву пачхьалкхехь. "Кхетамчохь Оьрсийчоь" проектан декъашхоша дийцарехь, и нах бу 5 миллион, я 3,5% бахархошлахь. Официалехь 10 наркоманах 1 бен вац лоьрийн тергоне язвелла, боху проекто. Цуьнан терахьашца, тIаьххьарчу пхеа шера чохь къастабеллачу наркоманех кхиазхой бу 60%.

Цигаьрка узучаралахь 20% нах бу шайн 14-15 шо долуш оцу зуламах бохабеллла. Кегийрхошлахь томка узурш уггаре дукха бу техникумашка а, лахарчу доьшийлашка лелачаралахь - 73% божабераш а, 65% зудабераш а.

  • Росалкогольрегулирование урхалло бахарехь, 2020-чу шарахь пачхьалкхехь массо тайпа маларш дохкар (къаьркъа, йий, чагIар) лакхадаьлла. Уггаре кIезиг оьцург ду коньяк.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG