ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Тутмакхийн элас Евлоев Ахьмада компенсаци йоьху Оьрсийчоьнан финансийн министралле


Тутмакхийн эла ларалучу, ГIалгIацчуьра схьавалар долчу Сутулый Ахьмада (Евлоев Ахьмад) кхеле елла Оьрсийчоьнан финансийн министралла. Шега изоляторехь сов даккхийтинчу 17 дийнан мах охьабилла боху цо, хаам бо Mash телеграм-канало.

Шега и денош ша шозза лаьцна волуш такхийтина маршонах ваьккхина, цкъа кхо де сов, тIаккха – ши кира сов, боху цо. Оцу харцонна дуьхьал Сутулыйс доьху 189 эзар сом, денна догIург 11 эзар сом а лоруш.

2009-чу шарахь лецира Евлоев наркотикаш лелорна, амма тутмакхийн элас уьш ешна бухакхийсина, бохура.

2020-чу шеран Гезмашин-беттан 25-чохь Москварчу прокуратуро тIечIагIбина Евлоевна тIебаьхьна бехк.

Хьалхо хаам баьржина Къилбаседа ХIирийчохь велла Оьрсийчуьра уггаре воккха тутмакхийн эла Гогичаев Эльбрус (Абуз), аьлла.

  • Зазадоккху-бутт боьрзуш кхеле хьажийна Краснодарский Кобин дов. Криминалан гонашкахь Краснодар-махках, Адыгейх, Ростов-махкахь «доп луш» вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG