ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан лидерш резахилла Лукашенкон Iедална санкцеш дуьхьалъяха


Беларусна дуьхьал санкцеш юкъаяха бартхилла оршотан сарахь Европан Цхьаьнакхетараллин куьйгалхойн. Цхьана декъехь аьлча, доьхку Бералусин кеманаш Европан 27 пачхьалкхан стигалхула дIасалелийта. Европан кеманийн урхаллашка официалехь кхайкхам бина оцу хьокъехь.

Европан мехкаша цхьа барт а болуш Лукашенко Александран режимна дуьхьал санкцеш кхайкхор дозу кIиран дийнахь Минскехь ницкъаша Грецера Литува доьду кема охьахаорца. Кема охьахиича, цу чохь хилла журналист, блогер, Iедална критика еш а, протестан гуламашкахь дакъалоцуш а хилла Протасевич Роман лаьцна. Цул тIаьхьа дIавигина иза Минскерчу талламан изоляторе.

Европан Цхьаьнакхетаралло шен дIахьедарехь, сихо ца еш мукъабаха декхаре до Лукошенкон Iедал Протасевич Роман а, Сарега София а. Царна баха-бахка маршо хилийта еза, боху документо.

Дуьненаюкъарчу пассажирийн, кирлеоран а авиацин организацига (ICAO)Брюссело доьху "прецедент йоцу, хила йиш йоцу инцидент" таллар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG