ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан вахархо набахте кхаьчна Tesla компанина кибер-тIелатар дан гIортарна


Невадехь федералан кхело 10 бут хан кхайкхийна набахтехь такха Оьрсийчоьнан вахархочунна Крючков Егорна Tesla компанин компьютерийн система а йохийна, технологийн къайленаш а лачкъийна, царех мах баккха гIортарна.

27 шо долу Крючков лецира стохка Марсхьокху-баттахь Лос-Анджелесехь, реза хиларца талламна гIодан. Кхел йоьдуш цо дIахьедира ша дохковаьлла хилар а, исс баттахь лаьцна латточу муьрехь ша шена а, шен доьзална а сингаттам баккхарна. Прессо бахарехь, электорнан кехаташкахула цуьнан Оьрсийчуьрчу гергарчара а дехна кхеле цунна къинхетам бар.

Tesla заводан цхьана белхалочунна 500 эзар доллар а делла, цуьнга заводан компьютер чу программаш а хIиттаяйтина, технологин къайленашка а кхаьчна, уьш дийна юьтург компанига мах беха воллуш хилла иза. Невадерчу Рино гIалахь ду электробатареяш арахьоьцу Tesla фирмин дакъа. Крючковс шега дина къамел довзийтина оцу белхахочо шен хьаькамна. Талла яьлла хилларг ФБР. Крючков лаьцначул тIаьхьа компанин куьйгалхочо Маск Илона дIахьедира, шайн объектна вуно кхераме къола дан гIоьртина, аьлла.

Кхелан материалашкахь хьехош бу Крючковца уьйрехь хилла нах а. Церан цIерш йа йовзуьйту. Набахтехь хан текхначул тIаьхьа Америкера эккхор волуш ву Крючков.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG