Прокуратуро 18, 16 шераш набахтехь даккхийтар доьху кхеле чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Краснодар-махкарчу урхаллин белхахой лаьттинчу Котоманов Максиме а, Красильников Дмитрийга а Москвахь куп тоьхна йолчу Малхбузерчу мехкийн дипломатийн корпусна дIовш дала гIортарна, боху "Коммерсанто".
2018-чу шеран Чиллан-баттахь девзаш доцу хIур а чохь кехаташ хьовсийнера Москварчу Болгарин, Венгрин, Италин, Канадин, Польшин, СаIудийн Iаьрбийчоьнан, Цхьаьнатоьхначу Штатийн, Францин векалташка.
Талламан версица, кхеле балийнарш дагахь хилла Оьрсийчоьнан кхечу пачхьалкхашца йолу юкъаметтигаш талхо. Кехаташ дIасахьийсийна Пачхьалкхан Думин депутатан Железняк Сергейн бланкашца. Лийцира дIовш дIасахьийсийнарш Краснодарехь 2019-чу шеран Товбецан-беттан 17-чохь.
- Краснодар-махкахь Новопокровски кIоштан полицин декъан буьйранча Кривошей бехкевина боккхачу барамехь кхаъ эцарна.