ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса коронавирусах 22 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 244


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнахх велла 22 пациент, цомгун хилла кхин а 244 вахархо.

Уьнна духьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь кхелхина COVID-19 цамгар кхетта 12 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь – 2, Адыгейхь, ГIалмакхочохь, Дагестанехь – цхьацца. Пандеми йолаелчхьана коронавирусах велла Къилбаседа Кавказехь 10 131 стаг.

Массанхьачул даккхий дараш ду Краснодар-махкахь, уггаре лахара ду бохаман терахьаш Адыгейхь а, Нохчийчохь а.

  • Краснодар-мохк + 91 (47 858 ерриг а пандемин хенахь )
  • Ставропол-мохк + 34 (54 449)
  • Дагестан + 37 (33 353)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 15 (24 240)
  • Карачаево-Черкесия + 11 (20 369)
  • ГIалмакхойчоь + 11 (20 744)
  • ГIалгIайчоь + 10 (15 708)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (16 956)
  • Нохчийчоь + 8 (12 231)
  • Адыгей+ 8 (14 628)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хаавелларг ву 260 546 стаг. Ерриг Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 5 017 795 стаге*

*Оьрсийчоьнан официалан статистик пшена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG