Женевехь Мангал-беттан 16-чу денна Iалашоне хIоттийна ду президентийн Джо Байденан а, Путин Владимиран а цхьаьнакхетарш. Оцу хьокъехь хаам баржийна КIайчу цIийнан сайтехула. Оцу дийнал хьалха ерза езаш ю Байденан Европан пачхьалкхашкахула дуьххьара хинйолу визиташ.
Оьрсийчоьнан а, Американ а презединеташна дуьххьара хир ду, шайгарчу даржашкахь а болуш, къамелашна вовшахкхетар. И шиъ гина вовшашна Москвахь 2011-чу шарахь. ХIетахь Байден Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президент вара Обама Баракан администрацехь, ткъа Путин вара Оьрсийчоьнан премьер-министр.
Оршотдийнахь цхьаьнакхетта хилла Цхьаьнатоьхначу Штатийн халкъан кхерамзаллин хьехамча Салливан Джейк а, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхо Патрушев Николай а. Цушимма юкъахь динчу дIахьедаро бахарехь, и шиъ цхьаьнакхетаро бух кечбина шина президентанна вовшийн ган. Документо хоуьйту агIонаш юкъаметтигаш денъян лаам болуш хилар.
Охан-баттахь телефонехула къамелдеш хилира Байденан а, Путинан а вовшийн ган барт. Вовшашка бистхилар нисделира церан шина пачхьалкхан дипломатин конфликт йистина лаьттачу юкъанна. Шега динчу хаттарна жоп луш, Путин киллер ву Байдена аьллачу сахьташкахь Вашингтонера дIавахара Оьрсийчоьнан векал. Цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Iедало тIеIаткъам базбича, Москва йитира Американ векало а.