Iалашъеш йолчу ГIалгIайчуьрчу "Эрзи" комплексан белхахошна йиттина Нохчийчуьрчу ницкъхоша, ткъа церан белхан машен а а документаш а дагийна, хаам бо гIалгIайн "Фортанга" ресурсо.
Кавказ.Реалиига хьал девзачу хьасто бинчу хаамца, Стигалкъекъа-беттан 21-чохь "Эрзи" комплексан территори зуьйш хилла цуьнан белхахой, Нохчийчуьра полицера хила тарлучу ницкъхоша уьш лецча. Бахьана хоуьйтуш а доцуш, полицин декъе бигна уьш, цигахь телефонаш дIаяьхна цаьргара. Масех сахьтехь чохь а латтийна, дIабигна уьш лецначу меттигна герга, хьуьнха, амма масех километр некъ бан дезна ГIалгIайчуьрчу оцу нехан шайн машенна тIекхача.
"Музейн белхахой гIаш тIебахна шайн машенна, ткъа бухахь лаьтташ карийна 10-15 кадыровхо. Кеп-кепарчу, белхан а, белхан доцчу а духаршкахь хилла ницкъхой. Цара тхайнчарна йиттина, церан машен а ягийна. Хала балица, сатоссуш ГIалашка кхаьчна уьш, гIо дехна лоьрашка, цигара бигна Соьлжарчу дарбан хIусаме", - элира хьасто.
Цо бахарехь, "Эрзи" комплексан директоран гIовс Мержоев Iалихан вахна зулам динчу метте. Иза а лаьцна, дIавигна Аьрга-Хишкарчу (Серноводск) полице. ДIахецна Мержоев ГIалгIайчоьнан прокуратура юкъайоьлча.
"Интрфаксо" дийцарехь, музейн кхаа белхаочунна йиттина хилар тоьшалле даккхийтина лоьрашка, лазийначаралахь ву да а, цуьнан воI а.
"Фортанга хина асанца йолчу меттехь Стигалкъекъа-беттан 21-чохь "Эрзи" комплексан белхахой лецар а, церан бахам хIаллакбар а цхьаьна толлуш ю ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а полици, и таллам бирзича дийр ду жамIаш а", — боху хилам бовзуьйтучу ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллин инстаграм-агIоно.
Аьрга-Хишкарчу полицера комментари яккха аьтто ца белира Кавказ.Реалиин.
- 2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
- ВорхI стаг ву кхеле озийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.
- Адамийн бакъонаш ларъечу "Мемориал" центро политикан тутмакхаийн могIара язбина лецнарш (Оьрсийчоьнан Iедало арахьара агент лору "Мемориал", амма иза реза ца хилла и статус тIеэца).