ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Калифорнехь тIелатар дина. Вийна 8, герзахо а цхьаьна


Калифорнерчу Сан-Хосе гIалахь кхаарин дийнахь аьчка некъан станцин белхахошна тIелатар дина. ВорхI стаг кхелхина гкрзахочун карах, вийна иза ша а. Лазийнарш бу дуккха а.

Iуьйранна 6:45 хан йолуш долийна герз детта.

CBS телеканалан меттигерчу декъо хаам бина, Iуьйранна белхан Iалашонаш йийца гулбеллачу аьчка некъан белхахошна тIедетта долийна герз, аьлла. Меттигерчу транспортан урхаллин цIийнах цIеяьлла, цул тIаьхьа дукха хан бкъа ца юлуш диттина белхалошна тIе герз а, боху CBS телеканало.

"Лос-Анджелес таймс" газето бечу хаамца, тIелеттачо ша нах байъа аравалале цIе йиллинчух тера ду шен цIийнах. Цкъачунна полицино тIе ца чIагIйина и верси. Хууш дац герзахочун маса шо хилла а.

Iуьйранна хилла инцидент бахьанехь сецна лаьттина гонахарчу урамашкахь транспорт.

  • Статистико бахарехь (Охан-беттан юккъалц), кхушара Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь герзашца динчу тIелатарша тIеIаткъам бина 12 эзар вахархочунна. Велла 150 гергга стаг. Стохка герзашца гIелойина 43 эзар вахархочунна, 610 велла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG