Францерчу AirFrance авиакомпанино Париж–Москва AF1154 рейс юхаяьккхина Оьрсийчоьнан стигал кхача шена бакъо ца яларна. Оцу хьокъехь яздо "Новая газето" оцу кеман пассажирна Синдюкова Мишельна тIе е тевжаш. AirFrance компанино иза бакъдира журналисташца хиллачу къамелехь. Париж - Москва рейсан пассажиро кеман чохь йинчу видео чохь хеза кемалелорхоша пассажирашка бохуш:
"Тхоьгахь информация ц хIинца а. Оьрсийчоьнан Федерацин стигала кхача бакъо ца елла хIинца а", — боху меттигаш дIалаьцна, кеман чохь Iачу нахе пилота. ТIаьхо куьйгалхочо хоуьйту рейс юхаяьккхинийла.
Синдюковас дийцарехь, хьолах "цкъа а хилла доцург" аьлла кеман куьйгалхочо, хьалхо Беларусан стигалхула кеманашна лела дехкар дага а лоцуш.
Стигалкъекъа-беттан 26-чохь 15:00 хан яьлча Москвахь охьадосса дезаш дара кема. Цуьнан рейс дехьаяьккхина рогIерчу дийне, хаам бо "Медуза" портало. Flightradar сервисо бахарехь, Air France-н а, кхечу а авиакомпанийн а кеманаш, Беларусан стигал юьстах а юьтуш, лелаш ду Оьрсийчу.