ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра жигархо изоляторе хьажийна юха а


Ессентуки гIалин кхело юхабаьккхина гIалгIайн хьалханчех волчу цхьанна, Погоров Ахьмадна, цIахь лаьцна сацо магош бина хилла сацам – юха а изоляторе хьажийна иза.

Бахьана карийна, адвоката Гагиев Мохьмада дицарехь, экстремистийн тобанца хиларна иза бехкевеш хиларца: хIинццалц цунна бехкедийриг дара Iедалан векалшна гIелояр. Бехктакхам толлуш ю федералан гонан Къилбаседа Кавказехула йолу Коьрта талламан урхалла.

“Карарчу ханна соьгахь яц официалан цхьа а информаци, цхьа кехат, кхел ладегIаршка гуллуш ца хаийтина тхуна, 22-23-чу буса хилла иза. Цхьа а хаам бац бина, я бакъонаш ларъярх а дац дуьйцуш хIума. Тахана материалаш йовзийта еза тхуна, цул тIаьхьа алсам хир ду хьолах лаьцна дийца”, - элира Гагиевс Кавказ.Реалиига.

  • Хьалхо ГIебарта-Балкхаройчоьнан Лакхарчу кхело хийцира лаьцна латторан кеп ГIалгIайчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн экс-министрна, Дуьненаюкъарчу гIалгIайн къоман конгрессан декъашхочунна Погоров Ахьмадна.
  • Бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентан статусе яьккхина "Мемориал", амма "Мемориал" цунна реза ца хилла. – Редакцин билгалдаккхар.) Погорова Ахьмад политикан тутмакх лору.
  • 2019-чу шеран бIаьста гIалгIайн жигархоша гулам хIоттийра шина республикан куьгалхоша Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнний дозанаш къастош хIоттийна бертан документ шайна цатайна хиларна. Масех де даьлча гулам ницкъаша бохийра Iедало. 2020 шо доьрзуш Ставропол-махкарчу Ессентуки гIалахь дуьйладелира гIалгIайн протестан лидерийн кхелан ладегIарш. Экстремизм а, полицина дуьхьалояр а ду царна бехкедиллинарг.
  • ВорхI стаг ву кхеле хIоттийна: Барахоев Ахьмад а, Мальсагов Муса а, Хаутиев Багаудин а, Чемурзиев Барах а, Ужахов Малсаг а, Нальгиев Ахьмад а, Саутиева Зарифа а. Цара массара а бехкаш тIе ца дуьту.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG