Нохчийчоьнал арахьа диаспорашкарчу нохчаша лоьху Оьрсийчоьнан бахархойх болу, шайн мехкан куьйгаллина а, Кадыров Рамзанна а, цуьнан доьзална а вон дешнаш олуш нисло бахархой. Оцу хьокъехь дийцина URA.ru агенталле юкъараллин жигархочо Мамаков Салавдис.
Регионашкахь болу Нохчийчоьнан векалш декхаребо Нохчийчоьнан куьйгалхочух вониг олуш верг зен а, схьакаро а, боху хьалха и болх ша а бина волчу Мамаковс. Лоьхург сихха схьакарорхьама лехамийн декъаузу низамхойн хьукматаш, церан гIоьнца сихха схьакарабо ишта нах.
Юкъархочо бахарехь, "цахеддаш бо и болх" Нохчийчохь а.
- Деношкахь Пермерчу кхиазхочо къинтIеравалар дийхира Кадыров Рамзане ша цунах "шайтIа" аларна. КIанта ишта цIе туьллуш яьккхина видео дIасаяржийра нохчийн инстаграм-каналаша.
- Хьалхо 15 шо долчу Дагестанан къаьмнех волчу Москвана гергарчу Чехов гIалин вахархочо "шайтIа" аьллера Кадыровх, оцу бахьаница Нохчийчоьнан куьйгалхо къинтIераваьккхира кIентан гергарчара. Жимчу стеган агIо лоцуш арахецнера шен видео Пермерчу цуьнан нийсархочо.