Тула гIалина гергахь вехачу @andrey_bushmelev_2021 ник йолчу кхин а цхьана блогеро дехна Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане шена къинтIеравалар. Цо хьалхо иза "шайтIа" ду, шен Iожаллах лийр волуш вац, шеца тапча лелор тоьлу цунна, аьллера хьаькамах лаьцна.
ТикТокехула блогеро ша Кадыровна лер дуьйзира ша "метта чоьнна тIе мелла" хиларца. Хинца еллалуш яц цуьнан аккаунт, амма "eldit.net" инстаграм-агIонехь хьажало цуьнан видеога.
- Хаам бина ма-хиллара, Нохчийчоьнал арахьарчу нохчийн диаспорашкахь нах бу Нохчийчоьнан куьйгаллина, Кадыров Рамзанна, цуьнан доьзална критика йийраш схьалохуш.
- Деношкахь Пермь гIаларчу жимчу стага къинтIераваьккхира шена Кадыров Рамзан ша цунах "шайтIа" олуш видео яржорна. Нохчийн инстаграм-канашкахула лела и видео.
- Хьалхо 15 шо долчу, Москвана уллерчу Чехов гIалахь вехачу кIанта социалан машанехула Кадыровх "шайтIа" алар бахьана долуш, цуьнан гергарчу наха дийхира Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга къинтIеравалар.