ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францера депорт йинчу Гадаевс тIе ца эцна адвокат шозлагIа а


Оьрсийчуьра а, дуьненаюкъара а бакъоларъярхой саготта бу низам а талхош Охан-баттахь Францера депорт йинчу Гадаев Мохьмада адвокатан гIо тIе ца эцна, аьлла, Нохчийчуьра кхаьчначу хаамна.

Цара Оьрсийчоьнан Iедале кхайкхамбина Гадаевна адвокат лаца а, дуьненаюкъарчу стандарташца шена тIехь нийса кхел яйта а йолу бакъонаш хилийта аьлла, хаам бина бакъоларъяран "Мемориал" центро (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн могIара язйина "Мемориал", амма цо тIе ца эцна шена и статус – Редакцин билгалдаккхар).

Францехь ехачу Гадаевн зудчо, Марета, лаьцна волу адвокат Немов Александр Стигалкъекъа-беттан 24-чохь цхьаьнакхетта Соьлжа-ГIаларчу №I изоляторехь латточу Гадаевца. Цо дIахьедина, шена ца лаьа шен гIуллакх нахе дийца даккхийта, ца лаьа адвокат лаца, аьлла, амма дехна Немовга шен агIонча хилар. Ткъа еарин дийнахь даьржина, Гадаевс шена ца оьшу боху Немовгара гIо, аьлла.

Нохчийн ницкъхоша бечу тIеIаткъамца доьзна бутт хьалха Гадаевс юхатеттира бакъоларъярхойн дехарца накъосталла кховдийначу адвокатера Цветков Семенера гIо. Гадаев тIеэцна шена тIебаьхьна бехк – гарехь, харц кхоьллина сурт ду Закан-Юьртахь, иза 10 шарахь герга хилла а воцчу цуьнан ненан цIийнан тхов тIехь маса топ а, патармаш а карор.

"Гадаевна духьал айдина гIуллакх – иштаниг дуьххьара дац: хьахла а нислора, хIинца а нисло Нохчийчохь лаьцначо Iедалх а, ницкъхойх а возуш воцчу адвокатан гIо дIатоттуш. Адвокат тIе цаэцар ларамза ца нисло, я иза лаьцначо шеггара деш а дац. Ницкъхошна атта ду шаьш тIевиллинчу адвокатца "болх бан" – дукха бу оцу адвокатийн гIоьнца шайна таIзар дар дагалоьцу нах. Гадаевн историно гойту иза Францера Оьрсийчу валийча адвокатийн гIоьнца шина дийнахь мьарша ваьхна хилар, кхин дан хIума шайн ца хилча, ницкъхоша иза вадор. ХIинца бац Гадаевца и санна болу адвокаташ", - билгалдаьккхира "Мемориал" центран кхеташонан куьйгалхочо Черкасов Александра.

Гадаев Мохьмад коьрта теш ву Нохчийчохь ницкъхоша, низам а дохош, шаьш лецначу наханна гIело еш хиларца доьзна айдинчу цхьана девнехь – и хьал гинчул тIаьхьа ехнера цо дозанал арахьа тховкIело а.

  • Францехь лецира Гадаев Мохьмад Охан-беттан 8-чохь, иза полице вахча. ХIора денна лелаш вара иза цига, ша депортацех хьалхавоккхуш кхело бина сацам кхочушбеш: адвокато тоьшаллаш далийнера цунна Оьрсийчохь ваха кхераме хилар тIеччIагIдеш.
  • Амма кхелан сацам а ца ларбеш, Францино экстрадици йина цунна. Хьалхо ша депортацин лагерехь сацийча, протест кхайкхош, шен гай цистира Гадаевс.
  • Москва дIакхачийча, "Шереметьево" аэропортехь ФСБ-н белхахоша сацийна латтийра иза, адвокаташа а, юкъаралхоша а сахьташ дехира иза дIахецаре хьоьжуш.
  • Шен ваша вехачу Новый Уренгой дIа а хьажийна, цига дIакхаьчча лаьцна Гадаев.
  • Нохчийчохь Охан-беттан I0-чохь Гадаевна дуьхьал бехктакхаман дов гIаттийна низамехь а доцуш герзаш лелорна. Талламан урхаллаша цо герз къайладаьккхина меттиг карийна боху.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG