ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шаьш лаьцначу стеган "массо а гергарнаш хIаллакбийр бу" аьлла Нохчийчуьрчу ницкъхоша


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Охан-беттахь Нохчийчуьрчу нийкъхоша вадийначу 26 шо долчу Татаев Акраманан гергарчара орца дехна бакъоларъечу "Мемориал" центре (Оьрсийчоьнан Iедало арахьарчу агентийн статусе яьккхина"Мемориал" , амма иза реза яц и цIе лело – редакцин билгалдаккхар). Оцу бахьаница уьш хIаллакбийр бу шаьш, бохуш, кхерамаш туьйсу ницкъхоша.

Кхерамаш тийса гергара къаной бигина хилла Устрада-ГIаларчу полице. "Аьрзнаш а, претензеш а юхаэца", ца эцахь "хIаллакбийр бум ассо а гергарнаш, Акраманна нах байъар тедожор ду", баьхна цигахь.

Нагахь санна гергарчара шайн аьрзнаш юхаэцахь, Татаев дIахоьцур ву, аьлла полицехь. Ткъа вуьйш реза хилла шайна тIеIаткъамаш бан болчийча. Амма Татаев дIа ца хецна.

Берд-КIелара (Устрада-ГIалина уллера) ву Татаев Акраман. Охан-беттан 23-чохь безаш боцчу ницкъхоша вадийна иза Устрада-ГIалахь. Оцу хенера схьа цхьа цуьнгара хIун даьлла ца олуш кхаьбна полицино цуьнан гергарнаш.

  • Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалле, Талламан комитете, прокуратуре Татаев Акраман низамца а доцуш лаьцна латтор таллар дийхира хьалхо "Мемориал" центро.
  • Хьалхо Нохчийчохь наханна гIелояр дуьненаюкъарчу хьукматашка даккха а, листийта а деза аьлла дIахьедира "Мемориало". Тергоне эцнарг дара 2017-чу шарахь, йина кхел а йоцуш, нах хIаллакбар.
  • Деккъа цхьана Охан-баттахь Нохчийчохь лачкъийна Iедалхоша 47 стаг, аьлла ю меттиегрчу оппозицин IADAT телеграм-каналан статистика.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG