ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь уьнах велла 28 стаг, цомгуш хилла кхин а 275


ТIаьххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус гучуяьллачу нахах кхелхина 28 пациент. Лазар хьакхаделла кхин а 275 вахархочух.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь коронавирусах 11 стаг велла, Ставропол-махкахь – 5, Кхарачой-Чергазийчохь – 3, Къилбаседа ХIирийчохь, Дагестанехь, Адыгейхь – шишша, ГIалмакхойчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь, Нохчийчохь – цхьацца. Верриг а пандемин муьрехь Къилбаседа Кавказехь коронавирусах кхелхинарг ву 10 206 вахархо.

Массанхьачул дукха бу ун хьакхаделла нах Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Къилбаседа Х1ирийчохь.

  • Краснодар-мохк + 96 (48 141 пандемин ерриг хенахь)
  • Ставропол-мохк + 60 (54 631)
  • Дагестан + 43 (33 472)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь + 15 (24 285)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 408)
  • ГIалгIайчоь + 12 (15 741)
  • ГIалмакхойчоь + 10 (20 779)
  • Нохчийчоь + 9 (12 261)
  • Адыгей + 9 (14 654)
  • Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (16 978)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хьакхаелларг ву 261 360 стаг. Ерриг а Оьрсийчохь и терахь ду*, оперативан штабан Стигалкъекъа-беттан 28-чу денна болчу хаамца 5 044 459.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чуоьцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG