ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москвахь хенаш тоьхна пхеанна ГРУ-н гIишло эккхийта гIортарна


ГРУ-н коьрта штаб, Москва
ГРУ-н коьрта штаб, Москва

Таджикистанера схьаваьллачу пхеа вахархочунна тIехь кхел йина уьш тIеман талламийн штабна (ГРУ) хьалха, Москван центрна гергахь эккхийтар дан кечлуш хилла аьлла. 9-17 шераш кхайкхийна царна набахтехь даккха. Бехк тIеэцна цара шайна, амма цхьамма кхел йоьдучу хенахь мохь тоьхна, гIуллакх шайна тIекхоьллина ду, аьлла, яздо "Интерфаксо".

Къевлинчу кепехь луьстуш дара дов, къайлаяьхьна материалаш. ЦIе цайовзийтинчу хьасташна тIе а тевжаш, "Коммерсантъ" газето хаам бира хьалхо, кхеле ийзийнарш Таджикистанера баьхкина гастарбайтераш бу, талламан версица, цара байIат дина Оьрсийчохь магош йоцчу "Исламан пачхьалкханна, аьлла".

Талламчаша чIагIдарехь, эккхийта Iалашо царна къастийна 2017-чу шарахь Стокгольмехь терроран тохар дайтина хиларх шеконехь волчу Назаров Тоджиддина. Цо аьлла, боху, пхеанга Хорошевски шоссе тIехь лаьтта ГРУ-н гIишло эккхийта. Амма и Iалашо шайн кхочуш хир йоцийла кхеттачу цара сацам бина хилла, кхело бахарехь, Москвана гонах нах дIасалелош болу цIерпошт эккхийта, яздо “Коммерсантъ” газето.

2018-чу шарахь ницкъхойн лерринчу декъо лецира и пхи стаг. Таджикистанехь хIеттехь хенаш туьйхира цаьрца хилла лоручу кхин а веанна. Цара ца дира даре шаьш зуламан декъахь хиларх, бохура, шайга етташ тIеэцийтина бехк, хаам бо “Медиазона” ресурсо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG