ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказерчу школашкахь ю уггаре ледара туалеташ


Къилбаседа Кавказерчу школашкахь ю уггаре боьха туалеташ

Оьрсийчуьрчу дешаран хьукматех 200 гергга тоьлла "Туалеташ вон йолчу школашна - Domestos" конкурсехь. Иза кхайкхийнарг яра хIусамашна хими кечъен Domestos компани. Туалеташ ледара хиларна цIано ен химин яла кхачийна Краснодар-махкарчу, Дагестанерчу, Ростоврчу, Ставропол-махкарчу, Кхарачой-Чергазийчуьрчу, ГIалмакхойчуьрчу школашна.

Конкурсан сайта тIехь дIаязло дешаран хьукматан векалш. Алсам баллаш баьхначийн туалеташ тойийр ю компанино, дезинфекци ен хими совгIат а еш.

"Толамхошлахь" ю Анапа гIалина гергарчу Супсех юьртара №11 школа. Сайто бахарехь, школа лара ца йо "туалеташ оьшучу хьелашкахь латто", дешархойн дукхалла бахьанехь.

Элиста гIаларачу №4 школехь вон ю туалеташ – 60 шо ду уьш лаьтта. Изза хьал ду Кхарачой-Чергазийчуьрчу Кавказский юьртачу школехь а, ХIинжа-ГIаларчу №30 лицехь а.

Дагестанские Огни юьртарчу №2 школин туалет тоянза ду 40 шо. "Берийн дешна а девлла, цIадаххалц садетта дезаш хуьлу", яздо школин векалша.

  • Хьалхо Элистахь жигархочо Эрдниева Валетинас пикет хIоттийра мэрина хаьлха, цо доьхура гIалахь туплеташ яр.
  • Уггаре ирча хьал ду школашца Дагестанехь – Оьрсийчуьрчу тишачу школийн кхоалIга дакъа ду цигахь, ах сов школаш тIейоьлхуш цхьана а тайпа биргIанаш йоцуш ю, яздира "Важные истории" газето Зазадоккху-бетта юккъехь.
  • Школашкахь дешар массанхьачул ледара долу регион ю Къилбаседа Кавказ. Яхначу бIаьста мониторинг еш, Рособрнадзоро а, дешаран башхалла толлучу федералан институто а билгалдаьккхина уггаре ледара школаш ГIалгIайчохь, Дагестанехь, Нохчийчохь, Кхарачой-Чергазийчохь, ГIебарта-Балкхаройчохь хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG