Москвахь митингехь ницкъхойх леттачу Джумаевна 5 шо хан тохар доьху прокурора
Дечкен-беттан 23-чохь оппозиционеран Навальный Алексейн агIончаша хIоттийначу митингехь полицин белхахойх латарна Москварчу пачхьалкхан университетан студентна Джумаев Сайд-Мухьаммадна пхи шо хан тоха догIу набахтехь яккха, аьлла Iедалан цIарах бехктIехьочу агIоно, хаам бо "Арестанты 212" проекто.
Москварчу Тверан кIоштан кхелехь ладегIарш дIадаьхьира Стигалкъекъа-беттан 28-чохь, буса. "Медиазона" портало бахарехь, кхеташ доцчу бахьанашца, Джумаев кхелан матераилашкахь вуьйцу ненан фамилица – Мархиев Сайд-Мухьаммад, аьлла.
Навальныйн агIолоцуш дIаяьхьначу митингера яьржира Джумаевх тера стаг полицин ницкъех Iалашлуш, дуьхьаллеташ.
Полисхойх латарна бехкевира иза ша лацанза, лохуш а волуш. Псковна гергахь лецира Дечкен-беттан 28-чохь, Европан Цхьаьнакхетаралле вахна, къайлавала воллуш хилла аьлла.
Дукха хан ялале Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама дIахьедира, нагахь санна иза Оьрсийчоьнан оппозицехьа вацахь, ша Джумаевн гIуллакх "дикачу агIор луьстур ду", аьлла.
Нохчийчоьнан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада Дечкен-баттахь элира, Кадыровс "дерриг дира цуьнан кхоллам аттачу боккхуш", амма Джумаев "кхин некъ хаьржина". Даудовна хетарехь, тIехь да воцуш кхиина Джумаев, вон Iамийна арено – аьлча а Оьрсийчоьно.