ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белхороев Якъубан гIуллакх таллар чекхдаьккхина. Бехкаш тIехь дисна цунна


ГIалгIайчоьнан Халкъан гуламан депутат хиллачун, шайхан БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллин хьалханчан Белхороев Якъубан гIуллакх листина дели, хаам бина "Кавказский узел" ресурсо. Яхначу аьхка бехкзуламан гIуллакх диллира цунна дуьхьал. Пачхьалкхан хазнера 20 миллион сом гергга ахча лачкъийна аьлла, бехкаш дехкина цунна.

Регионерчу социалан страхованин Фондан урхалла цо дечу заманчохь, цуьнан гергарчара а, бевза-безачара а заьIап ду бохуш, харц кехаташ а хIиттийна, пенсеш оьцуш хилла. Талламчашна хетарехь, оцу некъашца даьхна ахчанаш Белхороевна юха луш хилла, ишта финансийн цхьа дакъа батIалхьажойн кассе кхочуш а хилла.

Iедалхой хьаьвсира ГIалгIайчуьрчу СурхохитIерчу Белхороевн цIийнах а, цуьнан а, цуьнан гергарчийн а Москварчу петарех а, цIенойх а.

Белхороев Якъуб лецира стохка Товбеца-беттан 10-хь, ша куьйгалла дечу регионерчу социалан страхованин Фондера 17 миллион сом лачкъийна аьлла. Цул тIаьхьа цуьнгара дIаяьккхира Халкъан гуламан депутатан мандат, "Единая Россия" партера дIа а воккхуш.

БатIал-Хьаьжин бусалба вежараллина юкъахь ву 20 эзар гергга стаг. Уьш бу 19-гIа бIешо чекхдолуш, 20-гIа бIешо долалуш ваьхначу гIалгIайн шайхан Белхароев БатIал-Хьаьжин мурдаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG