ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Newsru.com сайто дIакхайкхийна, шаьш болх сацош хиларх лаьцна


NEWSru.com сайтан коьрта редактор Березницкая-Бруни Елена (архивера сурт)
NEWSru.com сайтан коьрта редактор Березницкая-Бруни Елена (архивера сурт)

Оьрсийчоьнан Newsru.com хаамийн гIирсо дIакхайкхийна, Стигалкъекъа-беттан 31-чу дийнахь дуьйна болх сацош бу шаьш аьлла. Порталан сайтехь бина цунах лаьцна хаам.

Ресурсо болх сацор "экономикан бахьанашца ду, амма уьш пачхьалкхерчу политикан ситуацино хIиттийна ду" аьлла, яздина бинчу хааман авторша.

"2014-гIа шо дирзинчул тIаьхьа дуьйна къаьсташ дара, коьртера дуьйна географи хийцаелла ца Iаш, арахьара политика а, чуьра экономика а цхьана хийцалуш хилар", - аьлла, яздина хаамийн гIирсан дIахьедарехь.

Журналисташа билгалдаккхарца, зорбанан сурт "пачхьалкхан ресурсашна дезачуьнца къаьсташ дара", 2014-чу шарахь порталца болх беш хилла яккхий рекламаш йойту нах цхьана болх бечуьра а совцуш. Ткъа 2021-чу шарахь "кхоьрура" цаьрца юкъарлонаш лело кхинберш а.

"Кест-кеста яздан дезара оха дозанаш деттарх юкъадохучу низамех лаьцна, ткъа тарлора уьш муьлххачу дийнахь а тхох хьакхадала. Дуккха а лараме нах а, бакъ йолу информаци кхачош йолу хьостанаш а арахьара агенташ а, экстремисташ а санна билгалбаха декхаре хуьлура тхо",- аьлла ду хаамехь.

НТВ-н хаамийн интернет-портал санна 2020-чу шарахь схьайиллинера сайт ntv.ru. аьллачу адресца. Цуьнан болх болош дакъалоцуш вара медиаменеджер Носик Антон."Газпром-Медиан" дакъа телеканал хиллачул тIаьхьа хаамийн сайт Гусинский Владимиран куьйгакIел йисира, newsru.com. аьлла, цIе а хуьйцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG