ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 18 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 265


ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 18 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 265 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативного штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 велла, Кхарачой-Чергазийчохь- кхоъ, Ставропол-махкахь - шиъ, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца велла.

Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 515 стаг.

Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 95 (48 426 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 48 (54 833)
Дагестан + 46 (33 609)
ГIалмакхойчоь + 12 (20 820)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 327)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 445)
Нохчийчоь + 9 (12 293)
ГIалгIайчоь + 11 (15 775)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 004)
Адыгей + 7 (14 674)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 262 204 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперштабан Стигалкъекъа-беттан 31-чу денна болчу хаамашца, 5 071 917* стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG