ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Москва-Сити" комплексехь герзаш диттинчу дагестанхошна кхел йина Москвахь


"Москва-Сити"

Латархойн "Скорпион" спортклубан декъашхой хиллачу Исмаилов Мохьмадна а, Хамидов Эльдарна а кхел йина Москвахь. Пресненскан кIоштан кхело бина и хаам. 2017-чу шарахь "Москва-Сити" куьпахь герзаш кхийсарна бехкелеринчу Исмаиловна 16 шо тоьхна набахтехь даккха, ткъа Хамидовна - 15 шо. Юьхьанца дуьйна прокуроро 19,5 шераш дехнера цу шинна.

Талламан версица, "Москва-Сити" комплексан дайх цхьаъ Юшваев Гавриил ларвеш болх бен Исмаилов, дагестанхойн тобан коьрте а ваьлла, летта Росгвардин белхахойх.

Харцхьа лелаш, леташ Исмаиловс герз юкъадаккхар, шиъ а, цул сов а адам ден гIортарна, герз лачкъорна, низам а дохош, иза лелорна бехке во иза. Хамидовна а къастийна изза бехк, амма цуьнгахь хилла дац герз, билгалдаьккхина кхелахоша.

Прокуратурин версица, Хамидов Эльдар "жигара хьийзина латар марсадоккхуш", цул тIаьхьа герзаш кхийсина гIишлош чохь а, арахь а. Адвокаташа бакъ ца до иза.

Бизнесменан Павлов Дмитрийн 50 шо кхачар даздечу барамехь дов иккхира, герзаш а детташ. ЙоьалгIачу гIатта тIехь лаьттачу ресторане веана вара 250 хьаша, хила езаш яра Оьрсийчуьрчу артистийн а, Cirque du Soleil тобан а концерт.

Чиллан-баттахь кхаа баттанна лецира Оьрсийчоьнан кикбоксинган чемпион Асадулаев СаIид, герзаш кхуьйсучохь дакъалацарна бехкево иза а.

20I9-чу шарахь талламча Агаджанян Левон а, цуьнан ялх белхан накъост а дIавелира Талламан комитетерчу даржашкара. РБК-но иза дуьйзира цара довъэккхарна Росгвардин векал бехкеварца, хIинца кхеле ийзийнарш бац конфликт яьккхинарш чIагIдарца.

Хьажа комменташка

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG