ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ши ваша вийначу Бесланерчу вахархочунна 15 шо хан тоьхна набахтехь яккха


Къилбаседа ХIирийчоьнан Лакхарчу кхело колонехь даккха 15 шо хан тоьхна Бесланерчу вахархочунна Хосонов Олегна, яздо Кавказ.Реалии портало. Цуьнан дов къевлинчу неIаршкахь хаьттина, бехккъасторхой декъехь а болуш. Талламбар а, кхелан процесс а кхаа шарахь дIадехьира.

2018-чу шарахь Биченов Аланан а, Хосонов Сосланан а дов даьллера Хосоновн доларчу автосервисан гIишлона хьалха. Травматикан герзах пайда а оьцуш, летттера и шиъ вовшах.
Цхьа хан яьллачу заманчохь конфликт кхин дIа а яхъелира, церан баккхий вежарий юкъа а гIоьртина. Шен жимахволчу вешех бекхам бечу Хосонов Олега "ИЖ-81 (Ягуар)" олучу 12-чу калибран таллархочун топ йиттинера Аланна а, Биченов Сосланна а.
ХосоновгIеран вежарша чIагIдарехь, церан доьзалан бизнесна уьш тIекховдарна иккхинера юьйцу конфликт, ткъа шаьш Iалашдархьама герз караэца дезнера церан.

Кхерамаш тийсарна пачхьалкхо Iалашбора юьхьанца ХосоновгIар. Ткъа шуьйра дийца даьккхина гIуллакх Къилбаседа Кавказан федералан гонашкарчу Талламан комитето шега дIаэцначул тIаьхьа Хосонов лецира.

2019-чу шеран Чиллан-баттахь 400 стаг вовшах а тоьхна, Бесланехь митинг хIоттийра ХосоновгIеран гергарчара. "Бесланан наной" комитетан хьалханчаша а цхьана дакъа лецира оцу митингехь, цара кхайкхамбира ницкъаллийн структурашка и гIуллакх бакъонехь талла аьлла.

Биченов Руслана, вийначу шина вешин воккхаволчу вашас тIаьхьо хиллачух шен верси йийцира. БиченовгIеран вежаршка маьттаза динчу къамела тIехула даьлла дов хиллера и.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG