ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 26 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 254


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 26 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 254 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а, Адыгейхь а шишша, ГIалмакхойчохь а, Дагестанехь а цхьацца велла.

Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 541 стаг.

Краснодар-махкахь ду уггаре даккхий дараш, лахара - Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 97 (48 523 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 36 (54 869)
Дагестан + 48 (33 657)
ГIалмакхойчоь + 11 (20 831)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 341)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 458)
Нохчийчоь + 10 (12 303)
ГIалгIайчоь + 10 (15 785)
Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (17 012)
Адыгей + 7 (14 681)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 262 460 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперативан штабан Мангал-беттан 1-чу денна болчу хаамашца 5 08 1417 * стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG