ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчуьрчу регионийн куьйгалхошлахь уггар а хьалдерг ву Кадыров Рамзан


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан, цуьнан декларацица а догIуш, Оьрсийчоьнан регионийн куйьгалхошлахь уггар а хьал долу урхалхо ву. ХIоттийначу тептарехь цунна тIаьхьа вогIучу итт губернаторан бахамал а сов пайда хилла цунна дахначу шарахь. "Открытые медиа" хьостано бина и хаам.

2020-чу шарахь Кадыровс 381,1 миллион сом ахча даьккхина. Уггар а хьоле болчу губернаторшлахь къастийначу иттаммо 378 миллион сом декларацехь билгалдаьккхина.

ШолгIа меттиг дIалаьцна 2020-чу шарахь пайда хиларца Марий Эл Республикан куьйгалхочо Евстифеев Александра. Цо даьккхина ахча 4,5-зза Кадыровс даьккхинчул а лахара ду. Оцу рицкъанах 80 миллион сом доьхкинчу цIийнах а, латтанах а, гаражах а, банех а ду.

3-чу меттигехь дIатарвелла Москван кIоштан губернатор Воробьев Андрей, 79 миллинна пайда хилла цунна дахначу шарахь.

Хьал долчу регионийн куьйгалхойн могIарехь вац бизнесхо, карарчу заманчохь Оренбурган кIоштан урхалхо волу Паслер Денис: 2019-чу шарахь хьалхара меттиг баьккхира цо, шен декларацехь 202,1 миллион сом а яздина. 2020-чу шарахь цо даьккхина 12,6 миллион сом.

2018-чу шарахь Кадыровс официалехь дIахьедарца, 7,5 миллион соьмана пайда бинера цо. Ишта, тIаьххьарчу шина шерачохь цуьнан хьал дебна 50-зза.

Луларчу республикашкарчу шен коллегел а гIад дайна хьал ду ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнгахь Калиматов Махьмуд-Iелигахь. 2,5 миллион соьмана пайда хилла цунна. Ткъа цуьнан хIусамненан долахь 33,7 миллион гергга сом ду.

ГIалмакхойчоьнан куьйгалхочо Хасиков Батус дахначу шарахь 1,2 миллион сом даьккхина. Экс-кикбоксеран доьзалан чу-ара ца баккхалун бахам бац.

Кхарачой-Чергазийчоьнан куьйгалхочунна Темрезов Рашидна пайда хилла 1 миллион 264 эзар соьмана. Цуьнан деклараци тIехь къасторца, чу-ара ца баккхалун баха цуьнан долахь бац. Ткъа цуьнан хIусамненан 3 петар ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG