ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францино депортаци йина Исмаилов Мансур дарба доцуш висна


Францино депорт йина Нохчийчоьнан вахархо Исмаилов Мансур карахь кехаташ а доцуш висна, цхьанхьа вехаш ву аьлла, дIаязвина цахиларна дарбан цIийне охьавижа аьтто бац цуьнан, дийцина "Кавказский узел" интернет-гIирсе бакъоларъярхочо Титиев Аюба. Ша Исмаиловс дIахьедарца, хIора баттахь лоьрех чекхвала везаш ву иза.

Титиевс дийцарехь, карарчу заманчохь Москвахь ву Исмаилов. "Цкъачунна документаш доцуш ву иза, векалто делла кехат доцург. Цуьнан документаш меттахIиттон кехаташ чуделла оха, амма сихо йоцу процедура ю иза", - аьлла, билгалдаьккхина бакъоларъярхочо.

Цхьана а гIуллакхца бехкаш дехкина цунна цахиларна, дарба дар ю цуьнан коьрта проблема.
"Кхаа дийнахь молханаш делла ца хилла цунна, тIаккха дарбан цIийне охьавилллина иза, ама хье ца веш араваьккхира, цуьнгахь кехаташ ца хиларна. Цунна оьшучу 16 тайпана молханех шиъ бен ца кхачийна цуьнга, йисинарш механа дукха еза ю аьлла. Ткъа уьш эца таро яц цуьнан. Цкъачунна "Гражданское содейсвие" комитето гIо дина цунна, амма даим а уьш латтон аьтто хилахь тамаш бу", - аьлла Титиевс.

Исмаилов Мансура дийцина "Кавказский узел" ресурсе, молханаш доцург а хIора баттахь лоьраш хьовса безаш бу шега аьлла.

"Нагахь санна, хIора баттахь лоьрашца консультаци ас ца яхь, оцу препаратех пайдаоьцийла дац сан. Анализаш дIаеллачул тIаьхьа лоьро хьоьху суна муьлха молха мел мала езаш ю, муьлха юкъара яккха еза", - боху Исмаиловс.

2007-чу шарахь Франци дIаваханера 39 шо долу Исмаилов Мансур. Байначу беттан 11-чохь полисхойн декъе куьйг яздан веана иза дIалецира, цул тIаьхьа маса Оьрсийчу дIахьажийра. Хьалхо жим дIабаьккхина, даима а молханаш оьшуш ву Исмаилов, бохура бакъоларъярхоша. МухIажиран аьтто ца хилла шеца молханаш схьаэца – цIеххьана депортаци ярна.

Москварчу аэропортера ара ца волуьйтура иза, Нохчийчу дIагIо бохуш, хааме даьккхира бакъоларъярхоша. Стигалкъекъа-беттан 13-чохь дозанхоша бакъо елира цунна аэропортера аравала, тIаккха цунна оьшу лоьрийн гIо а кхачийра. Оьрсийчу ван бакъо хиларх долу кехат бен дац цуьнан карахь дисинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG