ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дийнахь-буса 23 стаг велла уьнах Къилбаседа Кавказехь. Цомгуш хилла а кхин а 279


ТIьаххьарчу дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь коронавирус кхетта хилар билгалдаьллачу нахах велла 23 пациент, цомгуш хиллар кхин а 279 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь COVID-19 цамгарх велла 11 стаг, Ставропол-махкахь – 5, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а - шишша велла, ГIалмакхойчохь а, Адыгейхь а, ГIалгIайчохь а - цхьацца.

Пандемин муьрехь верриг а велларг ву уьнах Къилбаседа Кавказехь 10 564 стаг.

Уггаре дукха бу дийнахь буса цамгар кхеттарш Краснодар-махкахь, уггаре кIезиг – Адыгейхь.

Краснодар-мохк + 98 (48 621 пандеми йолаелчхьана схьа)
Ставропол-мохк + 50 (54 919)
Дагестан + 50 (33 707)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 355)
Кхарачой-Чергазийчоь + 14 (20 472)
ГIалмакхойчоь + 13 (20 844)
Нохчийчоь + 11 (12 314)
ГIалгIайчоь + 12 (15 797)
Адыгей + 8 (14 689)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 021)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь коронавирус гучуяьлларг ву 262 739 стаг. Ерриг Оьрсийчохь*, Оперативан штабера Мангал--беттан 2-чу денна болчу хаамашца, коронавирус хааелла 5 090 249 стагца.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулоцу аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG