ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра митинг йирзинчул тIаьхьа дIабаьхна полисхой Европан кхеле бевлла


Митинг, Магас, ГIалгIайчоь
Митинг, Магас, ГIалгIайчоь

2019-чу шарахь митинг хиллачул тIаьхьа балхара дIабаьхначу ГIалгIайчуьрчу полицин ППС-н белхахоша арз дина Европерчу адамийн бакъонийн кхеле. Кавказ.Реалиига цара лаьцначу юристо Куриев Мохьмада дийцарехь, шаьш балхара бохийна хиларца а, шайна дуьхьал бехкзуламан гIуллакхаш дахарца а доьзна ду чу делла арз. Цу тIехь билгалдаьккхина, шина минотехь протестхошна а, къоман гвардин белхахошна а юкъахIиттина, вовшахтасадаларш ца хилийтархьама митинге бевллачу нахаца къамел дар ду шайна дуьхьал даьккхинарг аьлла.

Хьалхо Оьрсийчоьнан Лакхара кхел реза ца хилира, лахарчу кхелаша юха балха меттахIиттон ца магош бинчу сацамна экс-полисхоша бина латкъам листа. Адвокатан дешнашца, дуьхьало яр къовсаме ца даьккхира цара, шайн бакъо йоллушехь.

"Оцу кепара кхелан акт юхадаккха бакъо суьдхочун я цуьнан гIовсан бен яц. Амма, практикехь гуш ма-хиллара, тIехула тIе политикан гIуллакхашца, оцу тайпана дерг юхадаккхар цкъа а хилла доцург ду", - дийцина адвокато.

2019-чу шеран Зазадокху-баттахь Магасехь йоьдучу митингехь "бакъоларъяран органийн белхахойн сий дойъу хIума ду даьлларг" аьлла, жоьпалла тIедожийначул тIаьхьа балхара дIабехира полисхой. Шайна тIедиллина омра кхочуш ца дина аьлла, бехктакхаман гIуллакх долийна царна дуьхьал.

Хьалхо Магасерчу кхело а, ГIалгIайчоьнан Лакхарчу кхело а, Пятигорскерчу Ксссацин кхело а дуьхьало йира, полисхой лаьттинчара балха юха меттахIиттаде шаьш аьлла, чуеллачу искна.

Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а латтанаш дIасалуш 2019-чу шарахь барт хиллачул тIаьхьа дуьхьалбевллачу бахархоша хIоттийначу митингехь болх беш бара балхара бохийна ницкъаллин структурийн белхахой. Зазадокху-беттан 26-чохь меттигера бахархой митинге бевлира, ткъа шолгIачу дийнахь бертаза дIасабохийра гулбелларш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG