ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 24 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 285


ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 24 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 285 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 12 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а, Къилбаседа ХIирийчохь а шишша, ГIалмакхойчохь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла.

Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 588 стаг.

Краснодар-мохк + 96 (48 717 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 59 (54 978)
Дагестан + 53 (33 760)
ГIалмакхойчоь + 15 (20 859)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 369)
Кхарачой-Чергазийчоь + 12 (20 484)
Нохчийчоь + 9 (12 323)
ГIалгIайчоь + 10 (15 807)
Къилбаседа ХIирийчоь + 9 (17 030)
Адыгей + 8 (14 697)

Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 263 024 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперативан штабан Мангал-беттан 3-чу денна болчу хаамашца 5 099 182 * стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG