Меттигерчу шина вахархочо маре йига дагахь йоI ядийча долийна бехктакхаман гIуллакх толлуш ду Нефтекумскерчу кхело. Талламан версица, Чиллан-баттахь 33 шо долчу жимчу стага шен 30 шо долчу накъостаца цхьана лачкъийна йигинера 26 шо долу йоI, цо болх бечу меттиге а веана. Благодарный олучу гIалахь оцу дийннехь карийнера йоI полисхошна. Шинна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдира "Стаг вадор" аьллачу артиклехь. ДIасавалар а дихкина, цIахь лаьцна латтош ву и шиъ.
"Кавказский узел" интернет-ресурсан хаамашца, тIаьххьарчу итт беттачохь Ставрополехь нисделла шолгIа гIуллакх ду иза.
Кавказ.Реалии портале Дагестанан Институтан историн, археологин, этнографин а декъан куьйгалхочо Абдулагатов Заида дийцарехь, кест-кеста нислуш ду зуда ядийча кхелехь къестораш хилар.
Цо бахарехь, дукха хьолахь, йоьIан лаамца нислуш ду иза, амма тIаьхьо цуьнан дас-нанас а бертаза йигинера олуьйту.
"Суна евза меттигаш, кIантаца барт а бой, йоI шен лаамехь цIера дIаяхана, хIунда аьлча, иза кхечуьнга яла гIертара. ГIуллакх кхеле кхаьчча, гергарчара нуьцкъаша ядийнера олуьйту оцу йоIе. Жимстаг чу вуллу. ШолгIаниг хилла дукха хан ю - суна бевзачу доьзалера кIант итт шарна чувоьллира, йоI реза хиллашехь, иза "ядийна" аьлла. Гергарчара кхерийна, ша ядийначунна дуьхьалъяьккхинера иза. И тайпа гIуллакхаш чолхе ду, хIунда аьлча, оцу кIантана тешнабехкца дерза тарлуш долу дела. Амма йоI реза а йоцуш, иза ядийнехь, низамо болх бан беза цигахь", - дIахьедина Абдулагатовс.
Хьалхо Дагестанерчу Левашинскан кIоштарчу кхело меттигерчу вахархочунна ши шой ялх буттий хан кхайкхийра набахтехь яккха, маре йига дагахь йоI ядорна.
Стохка Лахьан-баттахь Дагестанехь меттигерчу яхархочунна арахь даккха кхо шо туьйхира зуда ядош гIо дарна.
Къилбаседа ХIирийчохь меттигерчу вахархочунна колонехь даккха кхо шой, бархI буттий кхайкхийра, юьйр ю бохуш, кхерамаш а туьйсуш, шен нускал петарехь бертаза латторна.