ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нурмагомедов Хьабиб футбол ловза кхайкхина


Нурмагомедов Хьабиб
Нурмагомедов Хьабиб

"Легион Динамо" футболан клубо контракт кховдийна экс-спортхочуьнга Нурмагомедов Хьабибе. Инстаграмерчу шен аккаунтехь бина цунах лаьцна хаам клубан президенто Лахиялов Шемала. Постехь зорбане яьккхина контрактан текст, мах а, ийначу кепехь латархочун куьйгъяздар а доцуш.

"Хан а, шена оьшу хьелаш а Хьабиба ша чуяздийр ду, тIаккха барт хир бу тхан. Суна герехь, дикачу кепехь ву иза, цуьнан боккха лаам а бу, амал а ю. Профессионалан футболехь цо кхиамаш бохур бу аьлла хета суна. ХIокху сезонехь кхуьур вац иза, амма рогIерчу сезонехь дуьйна - тIехдика ларор ву", - аьлла ТАСС агенталле Лахияловс.

Контрактан хьокъехь Нурмагомедовца хIинца а шен къамел деана дац, цо куьйг яздичхьана контракт кийча ду аьлла клубан президенто.

Юг ПФЛ зонехь 4-гIа меттиг дIалоцу карарчу сезонехь "Легион Динамо" клубо.

2021-чу шеран Зазадоккху-баттахь Нурмагомедов Хьабиб, цо карьера ерзорца доьзна, ваьккхира UFC-н массо а рейтингашкара. Ша спорт юьтуш хилар дIахьедира цо америкахо Гэтжи Джастин ша эшийначу дийнахь – стохка ГIадужу-беттан 24-чохь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG