ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь дийнахь-буса уьнах 25 стаг велла. Цомгуш хилла кхин а 310


ТIьаххьарчу дийнахь-буса коронавирус карийначу нахах Къилбаседа Кавказехь велла 25 пациент, уьнах цомгуш хилла кхин а 310 стаг.

Уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамца, Краснодар-махкахь 11 велла, Ставропол-махкахь - ялх, Кхарачой-Чергазийчохь а,ГIебарта-Балкхаройчохь а, Адыгейхь а - шишша велла, ГIалмакхойчохь а, Нохчийчохь а - цхьацца.

Къилбаседа Кавказехь пандемин муьрехь уьнах велларг верриг а ву 10 613 стаг.

Краснодар-мохк + 96 (48 813 ерриг хенахь)
Ставропол-мохк + 70 (55 048)
Дагестан + 54 (33 814)
ГIалмакхойчоь + 23 (20 882)
ГIебарта-Балкхаройчоь + 14 (24 383)
Кхарачой-Чергазийчоь + 13 (20 497)
Нохчийчоь + 10 (12 333)
ГIалгIайчоь + I3 (I5 820)
Къилбаседа ХIирийчоь + 8 (17 038)
Адыгей + 9 (14 706)
Къилбаседа Кавказехь таханенна COVID-19 ун гучудаьлларг ву 263 334 стаг. Ерриг Оьрсийчохь иза хаделла, Оперативан штабан Мангал-беттан 4-чу денна болчу хаамашца 5 I08 I29 * стагехь.

*Оьрсийчоьнан официалан статистико шена чулору аннекси йинчу ГIирмера хьал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG