ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Байден цхьаьнакхетар ву Эрдоганца Брюсселехь


 Бжо Байден а, Реджеп Эрдоган а
Бжо Байден а, Реджеп Эрдоган а

ХIокху баттахь Европехь визит дIахьуш президент Джо Байден цхьаьнакхета дагахь ву Туркойчоьнан президентца Эрдоган Реджепаца. Цунах лаьцна хаам бо "Американ аз" портало, КIайн ЦIенна тIе а тевжаш.

Мангал-беттан 14-хь хир долу цхьаьнакхетар дIахьура ду Брюсселехь НАТО-н саммит дIайоьдучу хенахь, шина лидерна юкъахь жима-тIама гIоьртина юкъаметтигаш а йолуш.

Эрдоган дагахь вара къамел дан, Байден Американ президентан дарже дIахIоьттинчул тIаьхьа дукха хан ялале. ТIаьхьо туркойн лидер догдаьлла вара, 1915-чу шарахь Османан имперехь дуккха а эрмалой байъар геноцид хилар Байдена даре дар бахьана долуш. Анкара дуьхьал ю оцу сацамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG